Урок №07. Предложенин коьртаза меженаш. Кхачам

Яханчу  урокехь  вай 1амийра  предложенин коьрта меженаш. Кхид1а дуьйцур ду предложенин  коьртазчу меженех лаьцна. Нохчийн маттахь уьш кхоъ ю: кхачам, къастам, латтам.Тахана шуна евзар коьртаза меже кхачам. 
Дожарийн хаттаршна жоп а луш, х1ума билгалъеш йолчу предложенин  меженех кхачам олу.
Кхачам шина тайпана бу: нийса кхачам, лач кхачам.
Нохчийн маттахь барх1 дожар ду. Ц1ерниг дожар нийса дожар лоруш ду, кхид1адерш- лач дожарш.
Ц1ерниг дожаран (мила? х1ун?) хаттаршна жоп лучу кхачамах нийса кхачам олу.
Лач дожарийн  (хьанна? стенна? хьаьнца? стенца? хьанах? стенах? хьаьнга? стенга? хьанал? стенал?) хаттаршна жоп лучух лач кхачам олу. Масала:
Йо1а йоккхачу стагана молха ийцира.
К1ант деца талла вахара.
Сох тийшира нана.
1айшата доттаг1чуьнга кехат яздира.
1-чу предл-хь- ийцира (х1ун?) молха (ц1.дож.- нийса кхачам),
ийцира (хьанна?) стагана (л.дож.- лач.кхачам)
2-чу предл.-хь  талла вахара (хьаьнца?) деца (к.дож. — лач кхачам)
3-чу предл.-хь тийшира (хьанах?) сох (х. дож.-лач кхачам)
4-чу предл.-хь яздира (х1ун?) кехат (ц1.дож.-нийса кхачам), яздира (хьаьнга?) доттаг1чуьнга (м.дож.-лач кхачам)
1амийнарг т1еч1аг1деш кхочушде  т1едиллар: текст д1а а еший, кхачамаш схьалаха, уьш къаста а бе.
Хаза еана б1аьсте. Латта дохдина малхо. Лаьмнийн баххьашца ловзу маьлхан з1аьнарш. Олхазарийн эшаршца самайолу 1уьйре. Со берашца майдана ловза воьду. Сан самукъадолу гонахарчу 1аламах.
Вай ялийначу предложенешкахь  кхачамаш х1орш бу:
— нийса кхачам — латта
— лач кхачамаш: баххьашца, эшаршца, берашца,1аламах
Ялийначу таблицех пайда а оьцуш, 1амийнарг карладоккхур ду:
Кхачам
Дожар / хаттарш
Масалш
Нийса кхачам
Ц1ерниг дожарехь/ Мила?Муьлш? Х1ун?
Ас 1аламах лаьцна сочинени язйира-(Ц1. д.).
Мохьмада шен нана дика лелайора (Ц1.д.)
Лач кхачам
Лург
Коьчалниг
Хотталург
Меттигниг
Дустург/
Хьанна? Стенна?
Хьаьнца? Стенца?
Хьанах? Стенах? Хьаьнга? Стенга?
Хьанал? Стенал?
Малика автобусе хьоьжуш лаьттара.(М.д.)
Хьаша х1усамдех дагавелира. (Х.д.)
Кхачам шина тайпана хуьлу: нийса кхачам, лач кхачам.
Нийсачу кхачамо ц1ерниг дожаран (мила? муьлш? х1ун?) бохучу хаттаршна жоп ло.
Муьлхачу меженах лаьцна дийцира вай тахана?
Дожарийн  хаттаршна жоп  ло.
Коьртаза  меже  ю со.
Хаттаре  хьаьжжина,  лач а
Я нийса  хила  тарло.
Меже  йовза  хьекъал  кхачахь,
Хуур    хьуна  буй  и  … (кхачам).
(Эдилов С.Э «Самукъане грамматика»)
Х1окху урокехь 1амийнарг  т1еч1аг1деш,  ц1ахь   нохчийн меттан учебник т1ера 10-г1а  бакъо 1амае.
Пайдаэцна литература:
В.А. Янгульбаев, Ж. М. Махмаев «Нохчийн мотт-5 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
Эсхаджиев Я. У. «Юккъерачу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный Издательство «Арфа-Пресс» 2012 шо.
Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.
Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-Г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо.
Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
«Пхьармат» Нохчийн фольклор.Этнографи. № 1 1992 , аг1о 50-53.
Халидов А.И. «Нохчийн меттан 1илманан терминийн луг1ат». Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
Урок кечйинарш:
Абдулханова Аза Ахметовна
Алиханова Малика Лечаевна

Close