Урок №03. Дешнийн цхьаьнакхетарш

Предложенехь вовшашца уьйр а йолуш, вовшех  дозуш долчу дешнех дешнийн цхьаьнакхетар олу. Масала:
Шера аре, ира бел, чехка ведира, дечиган 1айг, кхечира тахана,  кхиънера юьртахь.
аре (муха?) шера                  
бел (муха?) ира                  
ведира (муха?) чехка           
1айг (стенан?) дечиган                            
кхечира  (маца?) тахана
кхиънера мичахь? юьртахь
Дешнийн цхьаьнакхетар лаьтта коьртачу дашах  а, цунах дозуш  долчух а.
Шена т1ера хаттар луш дерг коьрта дош ду, ткъа цу хаттарна жоп луш дерг дозуш долу дош ду. Коьрта дош  х1окху хьаьркаца  х билгалдоккху.
Х1инца хьовсур ду вай х1окху дешнийн цхьаьнакхетаршка:
Говза стаг, лекха г1ишло, хьозанан бен, дега дийцира, доттаг1чуьнца  вахара, г1алахь дийшира, селхана хиира, ц1ена яздо, чехка схьакхечира, шуьйра урам.
Говза стаг (муха?) стаг — говза), лекха г1ишло (муха?) г1ишло — лекха),  хьозанан бен (стенан?) бен — хьозанан), дега дийцира (дийцира (хьаьнга?)-  дега), доттаг1чуьнца вахара (вахара (хьаьнца?) — доттаг1чуьнца), г1алахь дийшира (дийшира (мичахь?) —  г1алахь), селхана хиира (хиира (маца?) —  селхана), ц1ена яздо (яздо (муха?) — ц1ена), чехка схьакхечира (схьакхечира (муха?) чехка), шуьйра урам (муха?) урам — шуьйра).
(Коьрта дашна иштта хьаьрк (х) х1оттайо).
1амийнарг т1еч1аг1деш,  кхочушде  т1едиллар:
Х1окху дешнашца цхьаьнакхетарш  х1иттаде.
Яздира-
Хаьттира-                                            
Ийцира-
Хезира-
1амийнера-
Уьш иштта хила тарло:
Элира  нене
Яздира   къоламца 
Хаьттира  хьехархочуьнга                                         
Ийцира  селхана
Хезира  йишина
1амийнера  дика
Билгалдаха коьрта а, дозуш долу а дешнаш, хаттарш а яздеш.
Элира   (хьаьнга?) нене
Яздира  (стенца?) къоламца
Хаьттира  (хьаьнга?)  хьехархочуьнга                                         
Ийцира  (маца?) селхана
Хезира  (хьанна?)   йишина
1амийнера (муха?) дика
1амийнарг т1е ч1аг1деш, ц1ахь итт дешнийн цхьаьнакхетар  х1оттаде, коьрта а, дозуш долу  а дешнаш билгал а дохуш.
Кху т1ехь вай урок ерзайо. Шун 1одика йойла, марша 1ойла!
Пайдаэцна литература:
В.А. Янгульбаев, Ж. М. Махмаев «Нохчийн мотт-5 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
Эсхаджиев Я. У. «Юккъерачу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный Издательство «Арфа-Пресс» 2012 шо.
Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.
Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-Г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо.
Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
«Пхьармат» Нохчийн фольклор.Этнографи. № 1 1992 , аг1о 50-53.
Халидов А.И. «Нохчийн меттан 1илманан терминийн луг1ат». Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
Урок кечйинарш:
Усманова Тумиша Индербиевна
Хумакиева Зара Хасмагомедовна

Close