Урок №02. Синтаксисах кхетам

Кхидолу меттанаш санна, нохчийн меттан 1илма а масех декъе декъало. Цуьнан цхьа дакъа ду синтаксис.
Синтаксис грекийн дош ду. Вайн матте даьккхича — д1ах1оттор, вовшахтасар, цхьана бакъоне далор боху маь1наш  ду оцу дешан.
Синтаксисо 1амадо дешнийн цхьаьнакхетаршший, предложенешший. 
Текст юкъахь маса предложени ю?:
Лекхачу ламанан басахь, йоккхачу хьуьна юккъехь, 1уьллу цхьа жима к1отар. Цунна т1ебоьду г1ашлойн боккха некъ набарх ца баьллера  шен доьзалца Зеламха цу к1отарна герга кхаьчначу хенахь. Къайладовла кечделла седарчий а лаьттара, вовшашка д1асадовла вай бохург хоьттуш санна, б1аьцаш еш. Махо лесточу диттийн г1аша ден тата доцург  кхин цхьа а г1овг1а яцара арахь.   
(Мамакаев М.А. «Зеламха»)             
Х1окху текстехь 4 предложени ю.  Кхузахь х1ора предложенино кхочушхилла яьлла ойла а гойту, церан чаккхенгахь сацаран хьаьркаш а ю.
Предложенехь дешнийн вовшашца  уьйр хуьлу.
Школан майданахь ловзу бераш. 
(х1ун до?) — ловзу, ловзу (мичахь?) майданахь
(стенан?) — майданахь — школан. 
Предложенехь вовшашца уьйр йолуш, вовшех дозуш долчу дешнех дешнийн цхьаьнакхетар олу. Оьрсийн маттахь — словосочетание.
Предложенехь дешнийн цхьаьнакхетарш билгалдаха:
Бераш довхачу дийнахь хьуьнах экскурсе дахара. 
Х1окху предложенехь дешнийн цхьаьнакхетарш иштта ду:
дахара   (мича?)  экскурсе 
дахара   (мича?) хьуьнах 
дахара   (маца?) дийнахь 
дийнахь (мухачу?)  довхачу 
Синтаксисо дешнийн цхьаьнакхетаршший, предложенешший 1амайо. 
Шина б1ог1амалгара  цхьаьнадог1у дешнаш вовшахтоха,  маь1ница дог1у хаттарш х1иттаде:                                                                                
Хьалхарчу  б1ог1амалгера  дешнаш:
вахара 
сийначу 
чехка 
оьздачу
Органан
ийцира                                 
Шолг1ачу б1ог1амалгера дешнаш:
г1иллакхца
тулг1еш
хьуьнах
бацалахь
говр
тахана
Нийса дешнаш вовшахтохар иштта хуьлу:
вахара   (стенга?) хьуьнах
сийначу  (мухачу?) бацалахь
чехка     (муха?)      говр 
оьздачу (мухачу?)  г1иллакхца 
Органан (стенан?) тулг1еш 
ийцира   (маца?)      тахана     
Вай вовшахтоьхначу дешнех дешнийн цхьаьнакхетарш хили. 
Муха хиира вайна уьш дешнийн цхьаьнакхетарш дуй? 
Церан вовшашца уьйр хиларх а, уьш цхьаъ вукхунах дозуш хиларх а хиира.
Дешнийн цхьаьнакхетарехь дешнийн вовшашца уьйр хуьлу. Иза хаттарца къастайо.
Вай тахана дийцира синтаксисах лаьцна.
Цунах лаьцна х1ун хии вайна?
Синтаксисо дешнийн цхьаьнакхетарш а, предложенеш а 1амайо.
Кху т1ехь урок чекхйолу. 1одика йойла!
Пайдаэцна литература:
В.А. Янгульбаев, Ж. М. Махмаев «Нохчийн мотт-5 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
Эсхаджиев Я. У. «Юккъерачу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный Издательство «Арфа-Пресс» 2012 шо.
Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.
Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-Г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо.
Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
«Пхьармат» Нохчийн фольклор.Этнографи. № 1 1992 , аг1о 50-53.
Халидов А.И. «Нохчийн меттан 1илманан терминийн луг1ат». Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
Урок кечйинарш:
Хумакиева Зара Хасмагомедовна
Усманова Тумиша Индербиевна

Close