5 класс Урок№31 Амаев Ваха-Хьаьжин Кхолларалла. «Малх чубаре хьоьжура иза» дийцар.

Нохчийн литература 5 класс (Юсаева З. И.)

Урокан цIе: Амаев Ваха-Хьаьжин  Кхолларалла. «Малх чубаре хьоьжура иза» дийцар.

в кадре:  -Маршалла ду шуьга!

-Вай йуха а дIахьур йу вешан рогIера нохчийн литературин урок!

-Тахана вай дуьйцур ду Амаев Ваха-Хьаьжин дахарх а, кхоллараллех а лаьцна. Иштта вайна бевзар бу «Малх чубаре хьоьжура иза» цIе йолчу дийцаран чулацам а.

Нохчийн йаздархо, поэт Амаев Ваха-Хьаьжа вина I963-чу шарахь Ножин – Йуьртан кIоштан Iалар-Эвлахь. Ишкол чекхйаьккхинчул тIаьхьа дешна цо Ростов-ГIаларчу университетехь философин факультетехь.

слайд:

Дуьххьара зорбане йевлла цуьнан произведенеш I988-чу шарахь арайаьллачу «ХIинца а хьалха йара ах буьйса» дийцарийн гулар тIехь.

 I992-чу шарахь арайаьлла цуьнан «Цхьа де» цIе йолу дийцарийн книга.

Амаев Ваха-Хьаьжас белхаш бина нохчийн республикин телевиденехь, «СтелаIад» журналехь. Жигара болх беш ву дийцаран жанрехь. Вайн заманан гIуллакхаш йаздина ца Iаш, шира дIадахнарг а тидаме оьцу цо.

в кадре: Тахана вайна Амаев Ваха-Хьаьжин «Малх чубаре хьоьжура иза» цIе йолу дийцар девзар ду.

Вайн къам махкахдаккхарх лаьцна тема нохчийн литературехь дуккха а шерашкахь йихкина йара. Цунах лаьцна йа дийца а,йаздан а йиш йацара халкъ шен дай баьхначу махка йухадирзинчул тIаьхьа а, Нохч — ГIалгIайн республика меттахIоттийча а.

слайд:  Амма I990-чу шерашкахь Советски Союз йохарца халкъо хIинццалц шен кийрахь латтийнарг шуьйра довза доладелира зорбанехь. ТIаьхьий, хьалхий арайийла йуьйлайелира оцу йихкина хиллачу темина лерина произведенеш. Шена гина, ша лайна хиламаш бацахь а, амма дагах  хьакхабеллачух тера ду уьш Ваха-Хьаьжина а. Кийрахь дог долчу муьлххачу а нохчочунна ца хьакхалойла а дацара, хIунда аьлча иза цкъа а туьйр боцу дегаIийжам, дегалазам болу дела.

в кадре: Шен дийцар тIехь Амаев Ваха-Хьаьжас гайтинарг цхьа боцца хилам бу. Коьртачу турпалхочун Селаман вастаца бозабелла бу дийцаран берриг а хиламаш.

И тIекхочуш   цIенкъара хьала ворхIалгIачу уьнах шад дIа а баьлла, хьозанан хIоа санна, жима а, горга а кор дара, малх чухьожийла долуш.

Слайд:

Цигахула сих-сиха арахьожура иза. Сирла де а гора цунна, наггахь генарчу малхе а хьажалора, цхьана стеган гола а нислора дуьхьал. Амма дукхахьолахь тоьпан хен хуьлура кора хьалха. Иза вехха Iара, ши бIаьрг хих а бузий, и боьмаша аьгначу дечкан шера хен дIуьхьалара дIабаларе сатуьйсуш, арарчу серлонах  дог  Iабо лууш, шен корехь. ТIаьхьарчу шина дийнахь цуьнан даар а и кор дара, арара серло йара, йовхо а уьш йара, самукъа а.

в кадре: Вайна ма – хаара, берийн дахар дукхахьолахь ловзаршца доьзна хуьлуш ду. БархIалгIа де ду хIорш вагон чохь схьабогIу.

 Халачу хьелашкахь а карадо Селамна дан хIума. Цуьнан шен дуьне ду. «Шен жимачу корехула» кхетта малх хаабелча, цуьнца ловзуш, и хьоьстуш, канашца схьаоьцуш, шен вешина иза тIеIенош, и тован  гIерта кIант шен ма-хуьллу.

Слайд:

Цкъа хьала а гIаттийна, коре вига а хьаьжира иза шен ваша:

-Мел хаза ду арахь, чохь санна бода а бац, малх  а бу кхетта, и гича хьо

толур ву хьуна, — бохуш .

Амма нанас  вешина уллера дIахилийра  иза:

-Салман хьажалур вац малхе, — олуш, -хьо хьежа хьайна шортта, тIаккха цомгаш хир вац хьо.

в кадре: «Корах» чукхетта малх биъначул тIаьхьа шен ваша Салман вуза а вуьзна, толур ву моьттуш ву Селам. Ловзарш а ду берийн цу хенаца  доьзна. ДIабоьдуш тIом бу, вон стаг Гитлер вуй хаьа царна и дIаболийнарг. Ловзаршкахь цуьнца беш тIом бу цара, эххар и схьа а лоций, тур детташ, вуьйш. Ловзар къиза делахь а, цу заманца доьзна ду. ГIенашкахь а дуьхьалтуьйсург изза къиза Гитлер ву.

Слайд:

Сахуьлуш гIан гира цунна. Бовха хаза малх бара дукха лакхахь а боцуш, кховдийча, куьг кхоччехь кхетта. Иза шен вешица  чехкачу говрашкахь, малхехь къега даккхийн тарраш а лестош, Iаьржа хIуманаш йуьйхинчу цхьана стагана тIехьахехкалора. Дог этIара цуьнан: говрашкахь воллушехь цу стагана тIаьхьа ца кхуьура и шиъ. Йуха а и говраш тIаьхьахоьцура цу шиммо. …

Эххар а тIаьхьакхиира и шиъ. ТIаккха хиира цунна шаьшшиммо лаца гIертарг «Гитлер» вуй. Цунна тоха дагахь тур айъина ваша цхьана кIоргачу Iаьржачу бердах вахара.  «Гитлер» воьлура. Ваша кIелхьараваккха  тIаьххье бердах хийцира цо шен говр а.  Иза ша а висира бердах ваханза.  Малх а бацара. Iаьржа бода бара.Иза веше кхайкха гIоьртира.

в кадре: —ХIора а шен бала, сингаттам эцна вогIуш ву оцу вагон чохь мел верг. Дог Iадош хьоькхуш маьхьарий йа белхарш дац дийцар тIехь гойтуш.

Слайд:

Иза самавелира, биллина бIаьргаш кора тIехь а совцуш. Чубеана гуш бацара малх. …

Ваша а вацара гуш. Нана йара бIаьргаш а цIийбелла, цIенкъа хьоьжуш Iаш. Цуьнан бIаьргаш чу хьаьжначу воккхачо а, эхь хеташ санна,  лечкъабора шен   бIьргаш.

-Нана, нана, -дIасатахкийра цо нана, -Салман мича вахна-а? Алахьа!

Иза маравоьллира нанас:

-Дехьа вагон чохь ву иза, вашагIар болчохь. …

-Уьш дехьа чохь бу?

-ХIаъ.

-Уьш цкъа а вай долчу хIунда ца богIу?

-БогIур бу.

-Салман схьа маца валор ву цара?

-Кестта…

-ТIаккха цунна аса малх  баор бу.

Ненан карара а ваьлла, шен коре вахара иза. Мел чIогIа сатесира ваша схьавалавале малх чубаре…

 в кадре: «Салдатан» голаш, тоьпан хен лаьттара кора хьалха. Цара йуха а сецабора малх. Дуккха а Iийра иза, уьш гучуьра йовларе сатуьйсуш. Цо  сатийсинарг хилира эххар а – цуьнан бIаьргачу кхийтира сирла малх… ТIаккха малхо вуно чIогIа лазийра цуьнан бIаьрг – дерриг а гучуьра доккхуш, дерриг дегI а Iовжош, цуьнан бIаьргах чубуьйлира иза.

-Йаздархочо и ирча суьрташ дукха шуьйра, даьржина ца гайтинехь а, и бер даларца халкъо новкъахь лайна бала къеггина гайтина вайна оцу хиламца.

Слайд: Оцу жимачу кIентан вастехула гайтина йаздархочо, харцоно, балано, Iазапо йийсаре лаьцна халкъ. Селама шен ваша санна, и халкъ шен тIома кIел лаца, цунна шега дало гIо дан, дохдан, дузо, цамгарх кIелхьарадаккха гIерта йаздархо. Амма цуьнан ницкъ ца кхочу и кхочушдан.

в кадре: Кхоччуш хилла даьлла дийцар ду хIара, амма дIахIоттам шатайпа бу кхуьнан. Башха ду дийцаран дIадолор а. Долалушшехь, цхьана хиламна тIера долало иза: шен ма-хуьллу вагон чуьра арахьажа гIерта кIант ву йуьххьехь гайтинарг. Жимма тIаьхьо бен гучу ца долу вайна и мила ву, вагон чохь хIун деш ву, мича вуьгуш ву. Цхьанаэшшарехь дIайоьду сюжет цIаьххьана хеда, доккхачу хаттаре а йоьрзуш. Шайн цIерашца вийца йиш йолуш ши турпалхо бен вац цу тIехь – Селим а, Салман а. Цхьа а тайпа чолхалла йоцуш, кхета атта, амма дагна Iаткъаме произведени йу хIара.

ЦIаьххьана хададо шен дийцар йаздархочо, кхидIа хиндолчун ойла вайга ваьшка йайта, вай маьрша а дуьтуш. Вайна ца хаьа, вайн турпалхойх хIун хир ду, шаьш буьгучу метте дIакхочур бу уьш йа бац.

слайд: Ткъа кхидIа хилларг вайна исторера хууш ду. Хьайбахахь багийнарш; Къоьзан – Iоман а, ГаланчIожан – Iоман а ша кIел кхийсинарш; дерриг а къам хьайбанаш дIасакхоьхьучу вагонашкахь дIасадуьгучу хенахь, халонашна а, эшамашна а новкъахь белча; аьчк-некъан бохалла лайла охьакхийсинарш; Сибрехан шелоной, мацаллой, Iожаллин бага кхийсинарш.

   в кадре: «Малх чубаре хьоьжура  иза» и санна йолчу произведенеша дицдолуьйтур дац вайна иза. ДIадаханчунна тIетийжаш ца  хилча, оцу къомана шена хьалха лаьттачу некъех нийсаниг харжа а хуур дац.

Тахана вайна девзи Амаев Ваха-Хьаьжин дахар а, кхолларалла а. Дийцаре ди цуьнан «Малх чубаре хьоьжура иза» цIе йолу дийцар а.

  Теша лаьа, дешначу дийцаро шун дегнийн цхьадолу мерзаш  хьадина хиларх а, цара шу кхетийна  хиларх, мел оьшу дуьненахь къинхетам а, доглазар а.

— Цу тIехь вай таханлера урок йерзор йу.

 — Iодика йойла шун, марша Iойла!

Close
Яндекс.Метрика