Урок №11. Доца шеконан мукъа аьзнаш:- а,-у, -и

Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой.

- Вай урокан тема ю:

 «Доца шеконан мукъа аьзнаш:- а, -у, -и»

Вайн мотт аьзнех лаьтташ бу.

Аьзнаш 1амочу 1илманах фонетика олу.   

Х1окху урокехь вай дуьйцур ду, нохчийн маттахь доца шеконан мукъа аьзнаш: -а, -у, -и хилар а, 1емар ду царех пайдаэца а.

Хандош а, цунах схьадаьлла дош а доцчу кхечу дешнашкахь-а,-у,-и-шеконца хезаш хилахь,-а -яздо. Масала:

олхазар,эскар,урам,орам,

тускар, ч1урам, хьормат, хорбаз.

Хандош хилахь, карарчу хенахь –у, яханчу хенахь –и яздо. Масала:

ц1ийнан ога – т1улг огу – т1улгаш эгира;

шийла хьоста (шовда) – бер хьосту, бераш хьаьстира;

зезагийн хьожа – зезагашка хьожу-зезагашка хьаьжира.

-Юкъарадериг – вайн матте т1еэцна ши дош: лозунг, тужурка.

Дифтонг йолчу ц1ердешнашкахь г-ний, к-нийхьалха а, дифтонг йоцчу ц1ердешнашкахь г-ний, к-ний хьалха –и- яздо. Масала:

зезаг - зиэзаг,

пелаг - пиэлаг,

хьаьрмик, хаьштиг, т1оьрмиг.

-Лаамечу билгалдешнийн а, рог1аллин терахьдешнийн а, доладерзоран ц1ерметдешнийн а чаккхенгахь долчу-г-на хьалха –и-яздо.

Масала:

диканиг, воккханиг, жиманиг,

шолг1аниг, ворх1алг1аниг, сайниг, вайниг.

-Хандешах схьадевллачу  дешнашкахь  доца  шеконан  мукъанаш яздар хандешан ораман а, лардан а кеп ларъеш хила деза. Масала:

оху+на-охуна, тоьгу+на-тоьгуна, хутту+рг-хуттург,

йочу+на-йочуна, могуш+алла-могушалла.

-Юкъардериг: диллана(саццаза, даима).

-1амийнарг т1еч1аг1деш, цхьа т1едиллар кхочушдан хьовсур ду вай.

- Д1аязъе, доца шеконан  мукъанаш сиз хьокхуш, билгал а дохуш, т1адамийн метта дог1у элпаш а дохкуш. 

1усамас, чехка шен г1овтал т1е а юьйх..на,1уьйран ламаз а дина,ша ара а ваьлла, шайн ханнийн божалара  шен 1аьржа лекха дин ара а оз..йна, цунна гатанан т1оьрм..га  чохь  х1оъ а оьлл..на, нуьйр тилл..ра.

Бикату, шен 1усамех б1аьрг кхетча, Арсанакъинаца хаз..йта, меллаша йистх..лира.

И олх..з..р  ца  декаш ши к1ира далале а, даьлча а цу  стага  дехха  дехнера  цуьнга, декахьара, бохуш.

-Нийса  т1едиллар иштта  хир ду: 

1усамас, чехка шен г1овтал т1е а юьйхина, 1уьйран ламаз а дина,ша ара а ваьлла, шайн ханнийн божалара шен 1аьржа лекха дин ара а озийна, цунна  гатанан т1оьрмиган чохь х1оъ а оьллина, нуьйр тиллира.    

Бикату, шен 1усамех б1аьрг кхетча, Арсанакъина  ца  хазийта, меллаша   йистхилира.

И олхазар  ца  декаш ши к1ира далале а, даьлча а цу  стага  дехха  дехнера   цуьнга, декахьара, бохуш.

-Тахана  вайна  девзи  доца  шеконан  мукъа  аьзнаш  а, иштта  церан  тайп- тайпана къамелан дакъошца   яздаран  бакъонаш а евзи .

-Кху т1ехь вайн урок ерзор ю.

-1одика йойла  шун, марша 1ойла.