Урок №9 Предложенийн коьрта меженаш

Параграфы

Eще уроки в данной главе

Де дика хуьлда шун,хьоме дешархой.

Х1окху урокехь вай дуьйцур ду предложенин коьрта меженех лаьцна. Вайн таханлерчу урокан 1алашо ю предложенин коьрта меженаш карлаяхар,царех лаьцна 1амийнарг т1еч1аг1дар.Пхоьлаг1ачу классехь вай дийцина царех лаьцна. Амма х1инца юха а карлайохур ю вай уьш.

Сказуемино сайх лаьцна дуьйцу

Коьрта меже со ма ю.

Мила? Х1ун? Я хьанна? Стенна?

Хаттаршна со жоп луш ду.

Хьан? Я стен? Я хьаьнга? Стенга?

Боху хаттарш а диц ца до.

Предложенехь муьлха меже

Хир ю т1аккха дийца со?                                        (Подлежащи)

Подлежащи хила тарло ц1ердашах, билгалдашах, масдарх, терахьдашах, ц1ерметдашах, айдардашах,причастих а.

Масала: Гена йоцучу хьуьнан хотехь,вовшашка кхойкхуш,шоршалш екара.

Лекханиг чоьхьа воллушехь, д1аса а хьаьжна,вист ца хуьлуш,паднара т1е охьахиира.

Х1окху предложенехь шоршалш боху дош ц1ердашах хилла подлежащи ду.

Кхузахь лекханиг боху подлежащи билгалдашах хилла ду.

Подлежащи хуьлу логически а,грамматически а,х1унда аьлча,вайн маттахь подлежащи шен грамматически формица а,маь1ница а хила тарло. Грамматически подлежащи олу ц1ерниг дожарехь долчу подлежащих.

Масала :Ислам дика доьшуш ву. Кхузахь Ислам грамматически подлежащи ду, х1унда аьлча иза ц1ерниг дожарехь лаьтташ ду.

Дийриг,лург,меттигниг дожарехь маь1ница нислучу подлежащих логически подлежащи олу.

Масала: Асета коч ийцира.

Кхузахь Асета боху дош грамматически подежащи ду, иза дийриг дожарехь лаьтташ ду.

Подлежащих лаьцна дуьйцу

Коьрта меже ма ю со.

Х1ун до? Дина? Я дийр ду?

Хаттаршна ас жоьпаш ло.      

Х1ун коьрта меже ю кху мог1анашкахь юьйцург?

(Сказуеми)

Масала: Поэта стихаш язйо. К1анта библиотекера книга еара.

Синтаксически толлур ю вай х1ара ши предложени

Поэта стихаш язйо .

Х1ун до?  -  язйо – сказуеми,

язйо хьан? – поэта – подлежащи, (дийриг дожарехь ,логически)

язйо х1ун? – стихаш – нийса кхачам.

К1анта библиотекера книга еара.

Х1ун дира? – еара – сказуеми,

еара хьан? – к1анта – подлежащи,( дийриг дожарехь,логически )

еара х1ун? – книга – нийса кхачам,

еара мичара?- библиотекера – меттиган  латтам

Иштта цхьа  т1едиллар кхочушдийр ду вай,лахахь ялийначу предложенешкара подлежащи а, сказуеми билгал а доккхуш .

Рег1ан басахь цхьабосса  хаза хьаькхна охьайиллинера  мангалхоша йол.

Къовсамехь сирчу дино хьалхара меттиг яьккхира.

Г1алин урамашкахь массеран а кет1ахь сирла догура стогарш.

Схьалохур вай х1окху предложенешкахь коьрта меженаш.

Хьалхарачу предложенехь :  х1ун динера? охьайиллинера – сказуеми,охьайиллинера хьан? –мангалхоша  логически подлежащи ду(дийриг  дожар), охьайиллинера х1ун?-йол-нийса кхачам.

Шолг1а предложени : х1ун дира? – яьккхира – сказуеми, яьккхира стен? – дино- логически подлежащи ду(дийриг дожар).

Иштта кхоалг1ачу предложенехь : х1ун дора? – догура- сказуеми,догура х1ун? – стогарш – грамматически подлежащи(ц1ерниг дожар,дукхаллин терахь).

Хьоме дешархой вайн урок ерзош, кхин цкъа а дагадоуьйтур ду вай стенах олу подлежащи,сказуеми.

Предложенехь сказуемино шех лаьцна дуьйцучух подлежащи олу.Цуьнан хаттарш ду :х1ун? мила?муьлш? хьенан?стенан? хьан?стен?

Масала: Арахь бераш ловзу.

Предложенехь подлежащих лаьцна дуьйцучух сказуеми олу. Цуьан хаттарш ду :х1ун до? х1ун хир ду? х1ун хилира?х1ун дора?

Масала: Баьццарчу бацалахь лепара бес-бесара зезагаш.

Таханлера вайн урок ерзош суна еша лаьа Арсанукаев Шайхис нохчийн маттах лаьцна язйина стихотворенин кийсак.

Ладог1а цкъа соьга,

«Хьекъале корта».

Ладог1а  яккхий д1а 

Лергара  потт.

Йист йоцу х1орд санна,

Бу хьуна шорта

Ша хууш волчунна

вайн нохчийн мотт.

Г1иллакхе, оьзда бу.

Доттаг1чуьнга буьйцуш,

Мостаг1чуьнга вистхуьлуш ду ира герз,

Хьомечу езаре безам ахь буьйцуш

Бека и шех хуьлий

Хьан деган мерз!

Цу т1ехь вайн урок чекхйолу.

1одика йойла шун,Дала могаш,маьрша а леладойла!

 

Пайдаэцна литература:

1.Джамолханов З.Д.Вагапова Т.М.Эсхаджиев Я У. «Нохчийн мотт -8 класс»Грозный.ФГУП «ИПК «Грозненский рабочий» 2013.

2.Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна.Соьлжа-Г1ала 2012.

3.Эдилов С.Э. «Нохчийн метан синтаксисан практикум» Соьлжа-г1ала Издательство «Арфа_Пресс»2011 шо.

Тест

1.Предложенин коьрта меженаш …  ю

А) лач кхачам, къастам, латтам;   Б) орам,суффикс,чаккхе; 

  В) подлежащи,сказуеми,нийса кхачам.

2.Предложенин коьртаза меженаш ю…..

А) дешт1аьхье,хуттург,дакъалг;             Б) лард,суффикс,чаккхе;         

 В)лач кхачам,къастам,латтам.

3.Х1ара дешнаш хенан латтамаш бу:

А) меллаша,д1аиккхина,ницкъ ма-ббу;            Б) уьйт1ахь,ломахь,стиглахь;

В) сарахь,жимчохь дуьйна,сахиллалц.

4.Билгалдаха коьрта къамелан дакъош.

А) ц1ердош,билгалдош,хандош; Б)орам,суффикс,чаккхе; в)хуттург,дакъалг

5.Къастамаш хуьлу…

А)цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а;

Б)буьззина а,буьззина боцу а;                     В)грамматически а,логически а.