Урок №8 Т1етовжар

Параграфы

Eще уроки в данной главе

Де дика дойла шун, хьоме дешархой! Тахана вай д1ахьур ю рог1ера нохчийн меттан урок. Д1аяханчу урокехь вай 1амийра карарчу уьйран кеп-  урхалла. Карладохур вай цунах лаьцна долу хаарш.

Коьртачу дашо дозуш долу дош дожаре х1отточу уьйрах урхалла олу

Масала:

К1анта нанна зезаг делира.

делира (хьан?) к1анта – урхалла

делира (хьанна?) нанна – урхалла

делира (х1ун?) зезаг -урхалла

Кхин д1а урокехь вай дуьйцур ду т1етовжарх лаьцна. Иза карарчу уьйран кхоалг1а кеп ю.

Дозуш долу дош маь1ница коьртачу дашна т1етевжачу уьйрах т1етовжар олу.

Масала: Со кхана юьрта г1ур ву.

г1ур ву юьрта – т1етовжар

г1ур ву кхана – т1етовжар

г1ур ву со – бартбар--------------?

Х1окху предложенехь юьрта, кхана боху куцдешнаш г1ур ву бохучу хандашна т1е а тевжа, иза мича, маца г1ур ву кхета а до.

Далор вай кхин цхьа масал.

1аьржачу борг1ало сихха лехьадора к1ен буьртигаш.

лехьадора сихха – т1етовжар

Кху предложенехь сихха боху куцдош лехьадора бохучу хандашна т1е а тевжа, цо муха лехьадора буьртигаш кхета а до.

Вай дийцинчух пайда а оьцуш, кхочушде х1ара т1едиллар.

Х1окху предложенешкара т1етовжаран уьйраш билгалъяха.

Йо1а ч1ог1а хаза йоьшура ша язйина байташ. Массара а леррина ладоьг1ура цуьнга. Ткъа йоь1ан нанас шен б1аьрхиш къайлаха д1адохура. Йо1 байташ ешна елира .Зала чохь тийналла х1оьттира. Цул т1аьхьа чохь болчара ч1огг1а т1араш деттара…

Нийса жоп иштта хир ду.

йоьшура ч1ог1а хаза – т1етовжар

ладоьг1ура леррина – т1етовжар

д1адохура къайлаха – т1етовжар

х1оьттира зала чохь – т1етовжар

деттара цул т1аьхьа – т1етовжар

деттара ч1огг1а – т1етовжар

Кхочушде кхин цхьа т1едиллар. Х1ара дешнийн цхьаьнакхетарш таблици чу д1анисде.

Воккхачу дадас, вешица вахара, чехка ведира, жима к1орни, доккхачу диттан, оьзда лела, шера йоьшура, нанна делира, тхоьца веара, юьртахь гинера.

Бартбар

Урхалла

Т1етовжар

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

Нийса жоп кху кепара хир ду.

Бартбар

Урхалла

Т1етовжар

воккхачу дадас

вешица вахара

чехка ведира

жима к1орни

нанна делира

оьзда лела

доккхачу диттан

тхоьца веара

шера йоьшу

 

 

юьртахь гинера

 

Дешархой! Тахана вай дийцира т1етовжарх лаьцна. Кхин цкъа а дагадоуьйтур вай стенах олу т1етовжар.

Дозуш долу дош маь1ница коьртачу дашна т1етевжачу уьйрах т1етовжар олу.

Ц1ахь бан болх.

Сарралц мангал хьаькхира Къосума. Амма и вала гена дара. Чубузу малхе б1аьрг а бетташ, сихвелла кес д1акхачо г1ертара и. Кхана юьртахь говраш хохкуьйтуш яра, цундела, цига ваха лаарна, хьийзара и сел т1ах-аьлла. Ц1еххьана цхьа тата хезна, д1ахьаьжначу цунна гира, белшаш т1е мангалш а тийсина, шена белхех вог1у шен кхо доттаг1…

Текст юкъара т1етовжаран уьйр йолу дешнийн цхьаьнакхетарш билгалдаха.

Хьоме дешархой, цу т1ехь вай урок ерзо хан т1екхечи.

1одика йойла шун, марша 1ойла.

Пайдаэцна литература:

  1. Джамалханов З.Д., Вагапова Т.М., Эсхаджиев Я.У. «Нохчийн мотт 8-9 класс». Грозный, ФГУП «ИПК «Грозненский рабочий», 2013
  2. А. Исмаилов «Дош», Соьлжа-г1ала-2005 шо.