Урок №36 Билгалза-юьхьан предложенеш

Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой.

Вайн урок лерина ю цхьалхечу предложенийн кепашна. Вайна хууш ду, предложени вайн ойланан а, къамелан а уггаре а цхьалхе дакъа хилар.

Х1окху урокехь  шуна 1емар ю   билгалза-юьхьан  предложенеш къасто. 

Шена чохь подлежаши а доцуш, юьхь билгал ца ечу предлоржених билгалза-юхьан предложени олу.

Масала:

Тахана туьканахь тетрадаш доьхкира.

Аьхка мангал хьокху.

Къа ца хьегча хи чуьра ч1ара а баккхалур бац.

Предложенехь ца гойту дар кхочушдеш верг мила ву, юьхь гойтуш яц. (туьканан белхло,  мангалхо,  ч1ерийлецархо).  И предложенеш   билгалза- юьхьан ю.

Нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь  билгалза-юьхьан предложенин юстар.

Нохчийн маттахь хандош-сказуеми

Карарчу          х1ун до?        Х1ун хуьлу ?

Гуш-яханчу    х1ун дира?    Х1ун хилира?

Яханчу хенашкахь а хуьлу   Дохьу , деана , деаний ? доьхкира.

Ткъа  оьрсийн маттахь

Карарчу а (наст.вр.), йог1учу а (будущ.вр.) хенийн дукх.т. (мн.ч) 3-чу юьхьан хандешнаш а, яханчу хенан дукхаллин терахьан хандешнаш а хуьлу билгалзачу-юьхьан предложенешкахь.

Аьхка йол х1окху. Х1ун до? Х1окху-сказуеми, карара хан

Керла газеташ деана. Х1ун дина?деана –сказуеми,  яхана хан, дар  хьан кхочуш до гайтина дац. (почтальона, мангалхочо).

В дверь  постучались.  Наст. вр.,они -3л.,мн. ч.

Ведут ко мне коня . ведут –наст. вр., 3л.мн.ч.

Билгалза –юьхьан предложенехь дар кхочушдийриг вац коьрта,коьртаниг цуьнгахь дуьйцуш долу дар ду.И юьхь билгалза юьсу.Цундела ишттачу предложенехь подлежащи хила а ца хуьлу.Дуьйцуш волчунна гергахь г1уллакх ду коьрта, и г1уллакх дийриг коьрта ца лору,иза тидаме оьцуш цахиларна.

Вайн хаарш т1еч1аг1дийр ду вай. Толлур ю вай предложенеш.

Гурахь чуерзайо кемсаш.

Халла баккхалора ког.

Ма лаха  бахам, лаха 1илма.

Не1 туьйхира.

Уьйт1ахь стогарш  латийра.

Дар кхочушдийриг мила ву гойтуш вац оцу предложенешкахь. Юьхь билгалза юьсу.

Билгалза- юьхьан предложенин синтаксически таллам  муха бан беза.

Д1огара схьа мохь туьйхира.   Предложени  цхьалхе, билгалза- юьхьан, юьззина,  цхьанах1оттаман,  яьржина,  дийцаран.

Д1огара схьа  -меттиган латтам

мохь – нийса кхачам

туьйхира –сказуеми

Цхьа т1едиллар кхочуш дийр ду  вай шуьца  предложенийн кепаш  билгал  а  еш,  д1аязъе предложенеш.  

Гурахь ялта чудерзадо.

Цкъа а воккхачунна дуьхьал ма лелахь. 

Аьхка кхаш т1ехь асарш до.

Селхана туьканахь хорбазаш йоьхкира.

Нийса жоп иштта хир ду:

Гурахь ялта чудерзадо . (билгалза-юьхьан предложени)

Цкъа а воккхачунна дуьхьал ма лелахь.  (билгала-юьхьан предложени)

Аьхка кхаш т1ехь асарш до. ( билгалза- юьхьан предложени)

Селхана туьканахь хорбазаш йоьхкира.  ( билгалза- юьхьан предложени)

Х1окху урокехь вайна 1емира билгалза-юьхьан предложенехь  коьртаниг дуьйцуш долу дар хилар,ткъа и дар кхочушдийриг тидаме ца оьцуш цахилар. И дар кхочушдийриг цу г1уллакхан говзанча я цуьнан декхар кхочушдийриг ву. Нохчийн маттахь, оьрсийн маттахь царна юкъахь йолу башхо а евзира.

Ц1ахь бан болх ишта хир бу.

Т1адамийн метта  элпаш а дохкуш , д1аязъе предложенеш. Бил­галза-юьхьан предложенешна к1ел сиз хьакха.

1. Гонах тийна ду. 

2. Ма билла бехк.

3. Кеманаш дуттуш лаьттара.

4. Малх делкъал дикка т1ехъиккхинера.

5. Дикк... лаьттира Эшарп.  

6. Ма-моьт... ца хилча ма-торру.

7. Айхь... ца лов дерг нахе   ма    ала.    

8.  Нехан динар... хотталахь вуссу.

9. Лекхачу орцан басахь жимо к1отар гор...

Урок цу т1ехь ерзор ю вай.

1одика йойла шун, марша 1ойла.

Пайдаэцна литература:

  1. З.Д. Джамалханов, М.Ю. Мачигов  «Нохчийн мотт,  2-г1а дакъа, Синтаксис, педучилишан студенташна» Грозный Нохч-Г1алг1айн книжни издательство, 1985шо.
  2. З.Д. Джамалханов  «8 классехь нохчийн меттан синтаксис хьехар» (Хьехархочунна г1оьнна) Грозный Нохч-Г1алг1айн книжни издательство, 1982шо.
  3. С.Э. Эдилов  «Самукъане грамматика» 5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2010шо.
  4. Х1оттинарш:Кадиев Р.,Ахмадова Д.,Давлетгириева А. Нохчийн меттан хьехархочунна г1оьнна д1аекъаран коьчал
  5. З.Д. Джамалханов,  Т.М.Вагапов, Я.У. Эсхаджиев «Нохчийн мотт»  8-9-чуй классашна

Гакаева Л.Л.