Урок №35 Юьхьан,билгала-юьхьан предложенеш

Де дика хуьлда шун, хьоме  дешархой!

Вайн урок лерина ю цхьалхечу предложенийн кепашна.

Х1окху урокехь шуна 1емар ду юьхьан , билгала- юьхьан предложенеш къасто.

Предложени вайн ойланан а, къамелан а уггаре  цхьалхе дакъа ду.

Предложени а, цуьнан тайпанаш  а, меженаш а, дешнийн цхьанакхетарехь церан уьйр а 1амочу 1илманах синтаксис олу.

Х1окху  урокехь вай дуьйцур ду: Юьхьан, билгала- юьхьан предложенех лаьцна.

Шена чохь подлежащи, сказуеми долчу предложених юьхьан предложени олу.

Масала:  Дешаран шо чекхделира. (предложенехь подлежащи, сказуеми ду, иза юьхьан предложени ю)

Аьхка тхан классерчу дешархоша юьртахь садаь1ира.    (предложенехь подл., сказуеми ду, юьхь гойту , хьан? –дешархоша –иза юьхьан предложени ю).

Юьхьан предложени  хуьлу кхечуьнга йолуш а, кхечуьнга ца йолуш а.

Масала:

Йо1 школе яхара.(предложени кхечуьнга ца йолу)

Йо1а таблицаш язйира.(кхечуьнга йолу).

Шена чохь подлежащи а доцуш, сказуемино формица я маь1ница иза билгалдечу предложених билгала-юьхьан предложени олу.

Дийцахьа суна бакъдерг.    (дийца+ахь).

Дийцийша суна бакъдерг.   (дийца+аш).

Цу предложенешкахь дийцахьа, дийцийша бохучу сказуемех д1аийна подлежащеш: и сказуемеш кху кепара шишша дош цхьана а кхеташ, кхолладелла:  дийцахьа-дийца+ахь;  дийцийша-дийца+аш.

Сказуемех д1аийна подлежаши цунах д1акъастийча х1ун башхо хуьлу хьовсий вай

Масала:

Шайга вигахьа со. (билгала -юьхьан предложени ю)

Шайга вига ахь со.(предложени юьхьан ю)

Юьхьан, билгала –юьхьан  предложенеш яьржина а, яьржаза а хуьлу.

Масала:

Малх схьакхийтира.

(подлежащи,сказуеми- коьрта меженаш бен яц предложенехь  предложени яржаза ю, шинах1оттаман ю).

1уьйранна малх схьакхийтира.

(Предложенехь коьрта меженаш а, коьртаза меже а ю- латтам). Цундела  предложени юьхьан, яьржина , шинах1оттаман ю.

Синтем бойу къамел ма дехьа.

Предложенехь коьрта меже сказуеми ду, билгала-юьхьан, цхьанах1оттаман, яьржина предложени ю).

Нохчийн а, оьрсийн  маттахь билгала-юьхьан предложени  вовшех муха къаьста  билгалдаккхур  ду вай.

Нохчийн маттахь  билгалчу-юьхьан предложенехь хандешан  т1едожаран саттаман г1иллакхечу  кепо цхьаллин я дукхаллин терахьехь  2-чу юьхьан ц1ерметдашо-подлежащино билгалдо (хьо, шу, ахь, аш.)

Ткъа оьрсийн маттахь подлежащи билгалчу саттаман (наклонени) 1-чу, 2-чу юьхьан  хандашо, я т1едожаран саттаман цхьаллин я дукхаллин терахьан чаккхенаша  билгалдо.(Я иду , идешь ты, идем мы, идете вы).

Сарахь тхоьга  дуьйлийша. 

Дуьйлийша – дуьйла+шу. (т1едожаран саттамехь , шолг1ачу юьхьан ц1ерметдош ду.

Сарахь тхоьга  волахьа. Бакъдерг алийша.

Хандош т1едожоран саттамехь ду

волахьа –цхьаллин терахь , 2-г1а юьхь.

алийша – дукхаллин терахь 2-г1а юьхь

Люблю грозу в начале мая. (я люблю- 1лицо, изъявительное наклонение, единственное число) .

Давайте споем мою любимую песню. (мы споем –изъявительное наклонение, 1 лицо, множественное число).

Х1инца вай шун хаарш т1еч1аг1деш,  иштта цхьа т1едиллар кхочушдийр ду:  ялош  йолчу предложенийн  кепаш  

билгал а еш , д1аязйийр ю .

Иза-м ч1ог1а самукъадаьлла вара.

Йохка –эцар лелаяй цхьаъ дехьа.

К1отар х1инца а йижаза яра.

Хьайгара ларча соьга схьалохьа.

Юьхьан предложенеш

Иза-м ч1ог1а самукъа даьлла вара.

К1отар х1инца а йижаза яра.

Предложенешкахь юьхь ю гойтуш – самукъадаьлла вара иза,к1отар йижаза яра.

Билгала- юьхьан предложенеш

Йохка –эцар лелаяй цхьаъ дехьа.

Хьайгара ларча соьга схьалохьа.

Дехьа –де +ахь, схьалохьа- схьало+ахь = ц1ерметдош- подлежащи сказуемих д1аийна, т1едожоран саттамехь ду, 2-г1а юьхь ю.

Х1окху урокехь вайна 1емира юьхьан предложени шинах1оттаман хилар,  билгала-юьхьан предложени цхьанах1оттаман хилар. Т1едожоран саттамехь цхьаллин я дукхаллин терахьехь ц1ерметдош-подлежащи билгалдеш хилар,юьхьан предложени кхечуьнга йолуш а,кхечуьнга ца йолуш а хилар. Нохчийн маттахь, оьрсийн маттахь царна юкъахь йолу башхо а евзира.

Ц1ахь бан болх ишта хир бу. Къовларшкахь юьхьан а, билгала- юьхьан  а предложенеш билгал  а еш,  текст схьаязъе.

Лор  сиха  схьакхечира.

Денош-м д1аоьхура.

Кет1ахь г1овг1а елира.

Массо а тап-аьлла тийна лаьттара.

Даима собаре хилалахь.

Дархочун дог эцахьара цо.

Хьан г1уллакх вон хир дацара хьо говр-ворда оьцур йолуш велахьара.

Таханлера урок цу т1ехь ерзор ю вай.

1одика йойла шун, марша 1ойла.

Пайдаэцна литература:

  1. З.Д. Джамалханов, М.Ю. Мачигов  «Нохчийн мотт,  2-г1а дакъа, Синтаксис, педучилишан студенташна» Грозный Нохч-Г1алг1айн книжни издательство, 1985шо.
  2. З.Д. Джамалханов  «8 классехь нохчийн меттан синтаксис хьехар» (Хьехархочунна г1оьнна) Грозный Нохч-Г1алг1айн книжни издательство, 1982шо.
  3. С.Э. Эдилов  «Самукъане грамматика» 5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2010шо.
  4. Х1оттинарш:Кадиев Р.,Ахмадова Д.,Давлетгириева А.

Нохчийн меттан хьехархочунна г1оьнна д1аекъаран коьчал

  1.  З.Д. Джамалханов,  Т.М.Вагапов, Я.У. Эсхаджиев «Нохчийн мотт»

 8-9-чуй классашна

 

ГакаеваЛ.Л.