Урок №27 Предложенин цхьанатайпанарчу меженешкахь хуттургаш

Параграфы

Eще уроки в данной главе

Де дика хуьлда шун хьоме дешархой!

Тахана вай урокехь дуьйцур ду предложенин цхьанатайпанарчу меженашкахь хуттургех лаьцна.

Вайн урокан 1алашо:

1.Цхьанатайпанарчу меженашкахь хуттургийн нийсаязъяр.

2. Хуттургаша къамелана юкъахь лоцуш долу дакъа довзар.

Вайн къамелехь цхьанатайпанара меженашца лела хуттургаш кхаа тайпана ю: 

Дозаран хуттург -а,

Къасторан хуттург

Дуьхьалара хуттургаш-ткъа, амма, бакъду, цхьабакъду,  делахь а, х1етте а, цундела.

Цкъа хьалха вай доцца карладоккхур ду цхьанатайпанара меженаш бохург х1ун ду.

Вовшашна  юкъахь  цхьаьнакхетаран уьйр йолчу дешнех цхьанатайпанара меженаш олу. Цхьанатайпанарчу меженаша цхьана хаттарна жоп ло,цхьана дашах йозуш а хуьлу.

Масала:

Йисамас Бусанина тетрадаш, къоламаш, книгаш ийцира.

Туьканахь духкуш ду ц1ен, сийна, баьццара, можа зезагаш.

тетрадаш, къоламаш, книгаш-цхаьнатайпара меженаш

шолг1ачу  предложенехь-ц1ен, сийна, баьццара, можа-цхьаьнатайпанара меженаш ю, уьш вовшех запятойшца къастийна.

Ткъа тахана вайна девзар ду цхьанатайпанарчу  меженашкахь хуттургаша деш долу г1уллакх.

Цхьаьнцца а ч1ог1а ма хила, амма  сов к1еда хила а эшац.

Кху предложенехь амма хуттург ю, цунна вай хьалха запятой йиллина.

Х1ун тайпа хуттург ю и?

дуьхьалара хуттург ю.

Беха  а, чолхе а некъ бина вайнехан  халкъо шен исторически кхиарехь.

Кху предложенехь - а  -дозаран хуттург ю.

Запятой йиллина хуттургана т1ехьа.

Ткъа  т1аьххьарчу  хуттургана т1ехьа запятой ца  юьллу.

Къасторан  хуттург  я  йолчу  цхьанатайпанарчу  меженашна юкъахь,  нагахь  иза  карлайохуш   ца хилахь, запятой  ца юьллу.                 

Масала:

Цунна ша-м стиглахь ю я лаьттахь ю ца хаьара.

Я хьалакхуьур ду и синтар, я дакъалур ду.

Шолг1ачу  предложенехь я  хуттург нисъелла  карлайохуш, цундела вай запятой  юьллу.

Цхьанатайпанарчу меженашца хила тарло хуттурган суффикс й, н. Масала:

Г1иллаккхий, оьздангаллий адамана оьшуш ду.

Вай  вуьшта аьлча, ала тарлора  иштта:

Г1иллакх а, оьздангалла а адамана оьшуш ду.

Кураллий, сонталлий  шала йина ю.

Вай ала тарлора:

Куралла а, сонталла а шала йина ю.

Х1инца вай шун хаарш толлуш, т1еч1аг1дарехь болх бийр бу.

Т1аккха муха кхийти шу, хуттурго предложенешкахь  д1акхоьхьуш  дерг х1ун г1уллакх ду?

Г1уллакхан къамелан дакъа ду и.

Шайн маь1на а ду церан, тайпанашка  хьаьжжина.

Вай цхьа т1едиллар кхочушдийр ду,т1адамийн меттана  оьшуш йолу  хуттургаш  а йохкуш.

Де аьхкачул  сирла  ….,  шийло  дара.

Шех  нахана  дийца  ….,  уьш  реза  хила  …  х1ума  доцург  дайх  дозалла  дойла  езаш, иза  лохуш  хуьлу.

Оцу  шерашкахь  г1алахь д1асалелаш трамвайш …, … автобусаш … яцара. Балхахь …,  ткъа  кхин  алсам ц1ахь …  дукха  г1уллакхаш   хуьлу  сан  кхочушдан  дезаш.

Нийса  кхочушдинехь  иштта  хила  деза т1едиллар:

Де аьхкачул сирла делахь а, шийло дара.

Шех  нахана  дийца а, уьш  реза  хила  а  х1ума  доцург  дайх  дозалла  дойла  езаш, иза  лохуш  хуьлу.

Оцу  шерашкахь  г1алахь  д1асалелаш  трамвайш а, я автобусаш а яцара. Балхахь а,  ткъа  кхин  алсам ц1ахь а  дукха  г1уллакхаш   хуьлу  сан  кхочушдан  дезаш.

Т1аьххьара суна  луур дара шуна  цхьа х1етал-метал дало.                    

Предложенехь  дешнаш  хуттуш,

Вовшех  дузуш, з1е  тосуш,

Лелаш ю со цаьрца гуттар

Цундела сох олу (х1ун?)…(хуттург)

Вай  х1инца жам1 дийр ду тахана вай дийцинчун.

Х1окху урокехь  вайна  цхьанатайпанарчу  меженашкахь  хуттургаш  муьлхарш  хуьлу  а,  церан  х1ун  тайпанаш  ду а,  церан  язъяран  бакъонаш  а евзи.

Литература  урокехь  1амийначу  произведени  т1ера  цхьанатайпанара  меженашца  хуттургаш  йолуш  5 предложени  схьаязъе.

Кху  т1ехь  вай  урок  ерзор  ю.

1одика йойла  шун.

Пайдэцна литература:

  1. Джамалханов З.Д., Вагапова Т.М.,  Эсхаджиев Я.У.
  2. «Нохчийн мотт 8-9 кл»  Соьлжа Г1ала ГУ Книжни –издательство  2012ш.
  3. Эдилоа С.Э. Самукъне грамматика 5-11 кл. дешаран пособи.
  4. Соьлжа Г1ала. Издательство  «Альфа- Пресс» 2012 ш.
  5. Абу Исмаилов «ДОШ». Соьлжа Г1ала -2005 ш.
  6. Мациев А.Г. «Чеченско-русский словарь»  . Соьлжа Г1ала ФГУПК. ИПК . 2010 шо