Урок №26 Цхьантайпанара меженаш

Параграфы

Eще уроки в данной главе

Де дика хуьлда шун,хьоме дешархой!

Вай тахана юха а вовшахкхийти рог1ерачу нохчийн меттан урокехь.

Дала мукъалахь,  ницкъ кхочучу барамехь,вешан мотт  1аморехь а, къоман г1иллакх,оьздангалла йовзарехь а болх бийр бу вай.

Х1окху урокехь вай  дуьйцур ду, предложенин цхьанатайпанарчу меженех лаьцна.

Царех лаьцна вай пхоьалг1ачу классехь дийцина,делахь а х1инца оцу предложенин цхьанатайпанарчу меженех болу кхетам, Делан пурбанца, кхин  т1е а к1аргбан хьовсур ду вай.

Д1аяханчу урокашкахь вай 1амийра предложенин меженаш. Дагадаийта вай, уьш муьлха меженаш яра. Подлежащи, сказуеми, кхачам, къастам, латтам. Вай дечу къамелехь а,яздечу йозанехь а шиъ я кхин сов предложенин цхьанатайпанара меженаш хила тарло, масала:

Малика, 1айшат, Марет туькана яхара. (Малика,1айшат,Марет -подлежащеш ду,)

Х1окху школехь дешна а,1амийна а вара и. (дешна а, 1амийна а -сказуемеш ду,)

Асета туьканара тетрадаш,къоламаш ийцира. (тетрадаш, къоламаш -кхачамаш бу,)

Бацалахь хаза къегара ц1ен а,сийна а,можа а зезагаш. (ц1ен а,сийна а, можа а билгалдешнаш, къастамаш бу,)

Юьртахь,к1оштахь,махкахь вевзаш дика к1ант вара 1иса. (юьртахь, к1оштахь, махкахь -латтамаш бу).

Вовшашна юкъахь цхьанакхетаран уьйр йолчу дешнех предложенин цхьанатайпанара меженаш олу.

Оьрсийн маттахь царах «однородные члены предложения» олу.

Цхьанатайпанарчу предложенин меженаша, цхьана хаттарна жоп ло, цхьана дашах  йозуш а хуьлу.

Нохчийн маттахь предложенин цхьанатайпанара меженаш хуттургаш йолуш а, йоцуш а, хуттурган суффиксашца а хила тарло, масала:

  1. Зарган а, Зараъ а, Зураъ а школе яхара.
  2. Зарган, Зараъ, Зураъ школе яхара.
  3. Зарганний,Зараъий,Зураъий школе яхара.

Къамелехь уьш шатайпанарчу эшарца олу.

Кхин сов предложенин цхьанатайпанара меженаш яьржина а, яржаза а хуьлу.

Шайца дозуш кхеторан дешнаш долчу цхьанатайпанарчу  меженех, яьржина цхьанатайпанара  меженаш олу.

Шен мерза са а, дерриге дахар а, шен болатан дог а Даймахкана д1аделира турпалхочо.

Х1окху предложенехь- са а, дахар а, дог а- боху ц1ердешнаш -кхетадо мерза, дерриге, болатан- бохучу дешнаша.

Х1инца вай тахана 1амийнарг т1еч1аг1деш болх бийр бу.

Х1окху текстан юкъара предложенин цхьанатайпанара меженаш схьакъасто хьовсий  вай.

Хьал долуш ду вайн махкахь 1алам. Гурахь а, 1ай а хьуьнхахь хуьлу акха стоьмаш: элхьамчаш, наркаш, хьаьрмакаш, хьаьмцаш, коканаш. 1аьнан хьалхара шелонаш хьакхаелча, гуттар чам тало церан.

Кхушара къаьсттина хьийкъинера муьргаш. Х1инца яа пайдехьа ю уьш. Дуккха а барамехь хьуьнан олхазарш го уьш юуш. 1аламан хазнашна юкъадог1у вайн хьаннашкахь долу акхарой а, хиш чохь долу тайп-тайпана ч1ерий а. Январь баттахь а дарбане бецашший, орамашший карадо. Ткъа 1а чекхдолуш - март, апрель беттанашкахь - ч1ег1ардиган к1а, тобалкх,муьжг,иштта кхийолу а ораматаш хуьлу.

Шолг1ачу предложенехь - гурахь а,1ай а хенан латтамаш бу;элхьамчаш, наркаш, хьаьрмакаш, хьаьмцаш, коканаш подлежащеш ду

Текстан ворх1алг1чу предложенера  акхарой а, ч1ерий а, борх1алг1ачу предложенера бецашший, орамашший, уьссалг1ачу предложенера ч1ег1ардиган к1а, тобалкх, муьжг, кхийолу ораматаш бохурш, вайна ма-гарра предложенин цхьанатайпанара меженаш ю.

Х1окху урокехь вай 1амий предложенин цхьанатайпанара меженаш. Цул сов т1еч1аг1дарехь ялийна текст йоьшуш вайна керла денаш девзи. Х1инца уьш дагадохкуьйтур ду вай:

   Элхьамчаш – боярышник;                                      Ч1ег1ардиган к1а – ландыш;

   Наркаш - облепиха                                                 Тобалкх – ночная красавица;

   Хьаьрмакаш – шиповник;                                       Муьжг – подорожник.

   Хьаьмцаш – мушмула;

   Коканаш – терн (терновник)

Таханлерачу урокехь вайн таро хили предложенин цхьнатайпанара меженаш йовза.

Ткъа х1инца вай шуна ц1ахь бан болх билгал бийр бу: 8-чу классан учебник т1ера 27-г1а бакъо  1амае, предложенин цхьанатайпанара меженаш юкъахь йолуш 5 предложени х1оттае.

Цу т1ехь вай вешан урок ерзор ю. Дала нохчийн мотт 1аморехь, хаарехь сов дохийла шу!

1о дика йойла! Марша 1ойла!

 

Пайдаэцна литература:

1.Джамалханов З.Д.,Вагапова Т.М.,Эсхаджиев А.У «Нохчийн мотт» 8 класс Грозный ГУП «Книжное издательство»,2007 шо.

2.Эсхаджиев Я.У. «Юккъерачу школехь нохчийн меттан орфографии а, пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный Издательство «Арфа-Пресс» 2012 шо.

3.Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.

4. Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо.

5. Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан  практикум» Соьлжа-г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо

6. .Карасаев А.Т.,Мациев А.Г.”Русско-чеченский словарь” Москва.Издательство ”Русский язык” 2000.