Урок №24 Бахьанин латтам

Параграфы

Eще уроки в данной главе

Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!

Х1окху урокехь вай дуьйцур ду бахьанин латтамах лаьцна.  Тахана шуна 1емар ду бахьанин латтамо х1ун гойту а, муьлхачу хаттаршна жоп ло а.

Дар я хилар мича хьолехь,

Маца, муха, муьлха меттехь,

Х1унда, мича 1алашонца

Кхочуш хуьлу гойту ас,

Шаьш ца тешахь, де аш хаттар –

Гучубер бу т1аккха латтам.

Бахьанин латтам бийца вай дуьйла далале, вай доцца дуьйцур ду латтамех лаьцна. Шайн маь1не хьаьжжина латтамаш хуьлу:

Даран суьртан (лекхира муха? – хаза)

Хенан (кхечира маца? – тахана)

Меттиган (летира мичахь? – арахь)

Бараман (схьахилира мел? – к1еззиг)

Бахьанин (вуьйцу мича бахьанина? – дикалла)

1алашонан (элира х1унда? – деша)

Бехкаман (леладахь, бохург дахь)

Дуьхьалара (олушшехь, дийцарх, аларх).

Вай карладоккхур ду ваьшна бахьанин латтам  бовзале девзинарг.

Шуна дагадог1ий вай хенан латтам 1амош?

Масала:

  1. 1ай-б1аьста а, гурахь-аьхка а к1айн кирхьа кхозу цу 1аламат лекхачу ломана дуьхьал.
  2. Воккханиг т1евеъча, жиманиг хьалаг1отту.
  3. Охуш аьлларг оруш карийна.
  4. Ц1ена йолуш дуьйна бедар 1алашъе, жима волуш дуьйна сий а ларде.

Х1инца вай, дика тидам т1е а бахийтина, дуьйцур ду бахьанин латтамах лаьцна.

Бахьанин латтамо гойту, дар я хилар муьлхачу бахьаница кхочушхуьлу.

Цо жоп ло: х1унда? х1ун бахьана долуш? мича бахьаница? бохучу хаттаршна.

Бахьанин латтам хуьлу:

Куцдашах: Элмарза к1еда амал, оьзда г1иллакх долуш, 1аламат товш стаг вара, цундела везара и массарна а.

Суффикс (-лла) йолчу ц1ердешнех: Хазалла а, дикалла а юьйцура иза наха.

Лург дужарехь долчу масдарх, масдаран карчамах: Г1а-бац т1ехь хила тхи дакъаделира, малх хиларна.

Деепричастих, деепричастин карчамах: Кхоьруш, дуьхьал дош ца элира к1анта.

Бахьана долуш, бахьнехь бохучу дешнашца: Нана бахьнехь юьртара д1а ца вахара к1ант. 1аржъялар бахьана долуш, сан ц1а вог1ийла ца хилира.

Х1инца  шуьга са а до1уьйтуш, аса шуна байт йоьшур ю, ткъа аша ойлае, бахьанин латтам карабе.

Нохчийн мотт хестош ас

байташ а язйина,

Йоккхае цу Дала со,

нохчо а кхолларна.

Хестабо, хьехабо

сайн ненан мотт                                                   

Даггара.

Безарна, хетарна сайн сил а                                                                  

хьоме

(Р.С.Шахтиева)

 

Вайна тахана девзи керланиг – бахьанин латтам.

Вайна хии бахьанин латтаман  дар, хилар муьлхачу бахьаница кхочушхуьлу. х1унда? х1ун бахьана долуш? мича бахьаница? бохучу хаттаршна жоп лой а.

Х1инца дийцинарг т1еч1аг1деш, барта далор ду вай массалш:

      

                                                       Хьуьнах дахар.

Чекхдели дешаран шо. Т1екхечи оха дукха сатийсина йолу аьхке. Аьхка хьуьнах даха дагалаьцнера оха. Цунна лерина хьалххе беш кечамаш а бара тхан. Эххар а т1екхечира и де. Хьун тхо дехачу юьртана гена йоццуш яра, амма цунна т1ебоьду некъ башха атта а бацара. Цундела, дег1ана онда хиларна,  ши-кхо к1ант тхайна хьалха ваьккхира оха. Ирхонаш яха деза дела, кара г1ожмаш а ийцира тхох цхьаболчара. Зудабераша шайца тускарш деанера, тхан гихь т1оьрмигаш дара. Бан беза некъ хала хиларна  а, де деха хиларна а, тхайца юург а еанера оха, мала хи а ца дицдинера.

Новкъа схьадог1уш хьехархочо тхуна йовзийтира цхьацца дарбане бецаш, ткъа хьуьна чу доьлча, - цхьацца дитташ а, дийцира цара беш болчу пайданах а лаьцна. Дика самукъа а даьккхина, де суьйренгахьа ластар бахьана долуш, ц1ехьа дирзира тхо.

Кху текст юкъахь бахьанин латтамаш бу: дег1ана онда хиларна,  бан беза некъ хала хиларна  , де деха хиларна.

Рог1ерачу урокехь вай дуьйцур ду 1алашонан латтамах лаьцна.

Вешан меттан дешан лерам а болуш, могуш-маьрша Даймахкахь дехийла-кха вай.

Мотт бацахь, мохк бацахь кхане ирсе хуьлийла а дац.

Дала лойла-кх вайна иза массарна а, - мотт ца хилча, къам доцийла хууш болу кхетам.

Кху т1ехь вайн урок чекхйолу.

1одика йойла шун, марша 1ойла  шу!

 

Пайда эцна литература:

  1. З.Д.Джамалханов «Нохчийн мотт – 8-9 класс» (Грозный ФГУП «ИПК Грозненский рабочий» .2013шо).
  2. В.А. Янгульбаев, Ж.М.Махмаев . «Нохчийн мотт – 7 класс» (Соьлжа-Г1ала ГУП «Книжни издательство»2010 шо).
  3. С.Э.Эдилов. «Самукъане грамматика – 5-11 класс» (Соьлжа-Г1ала. Издательство «Арфа-Пресс». 2010 шо).
  4. «Нохчийн матах  нохчийн маттахь…» (Соьлжа-Г1ала. ГУП «Книжни издательство». 2010 шо).