Урок 20. Ма-дарра къамел лач къамеле дерзор. Цитаташ а, церан нийсаяздар а

Параграфы

Eще уроки в данной главе

Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой.

Ненан мотт хаар, и безаш 1амор адамийн коьртачу декхарех цхьаъ ду.

Ткъа дуьненахь а вевзаш волчу оьрсийн яздархочо Л.Н Толстойс нохчийн маттах лаьцна аьлла дешнаш, шен кийрахь бакъволчу нохчочун дог долчу муьлххачу а стагана девзаш хир ду аьлла хета суна:

«Нохчийн мотт уггаре а хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь».

Цо аьлларг т1еч1аг1деш, ненан меттан  исбаьхьалла, цуьнан хьалдолуш хилар довзуьйтуш, д1ахьур ю вай х1ара вешан  рог1ера нохчийн меттан урок.

Урокан ц1е: «Ма-дарра  къамел лач къамеле дерзор. Цитаташ а, церан нийсаяздар а» ю.

Д1аяханчу урокехь ма-даррачу къамелах лаьцна дийцира вай. Билгалдаьккхира, нехан къамел шина кепара хилар, къастийра церан башхаллаш.

Тахана, къастор ду вай ма-дарра къамел лач къамеле дерзаран некъаш, иштта довзуьйтур ду цитаташ а, церан нийсаяздар а.

Нагахь ма-дарра къамелехь яххьийн ц1ерметдешнаш (личные местоимения) хилахь, лач къамелехь уьш лела нехан къамел далош волчун аг1онгахьа, аьлча а ма-дарра къамелехь долчу шолг1ачу юьхьан ц1ерметдашах хьалхарчу я кхоалг1ачу юьхьан ц1ерметдош, хьалхарчу юьхьачух кхоалг1а юьхьаниг а, оццу юьхьехь дерзоран ц1ерметдош а хуьлу лач къамелехь, ткъа кхоалг1ачу юьхьан ц1ерметдош ца хийцалуш ма-дарра дуьсу.

Кхета а, дагахь латто а атта хилийтархьама, кхузахь ялор вай, ма-дарра къамел лач къамеле дерзош, ц1ерметдешнийн яххьаш хийцаяларан таблица:

1-чух -3-г1а юьхь  я 1-ра юьхь

2- чух – 1-ра  я 3- г1а юьхь, я 2 –г1а юьхь

3-чух – 3-г1а юьхь, аьлча а 3-г1а юьхь ца  хийцало.

 

Ма – дарра  къамел

Лач къамел

1.Султана  Салмане элира: «Со сарахь хьоьца театре вог1ур ву».

Султана Салмане элира,ша сарахь цуьнца театре вог1ур ву ,аьлла.

2.Султана соьга элира: «Со сарахь хьоьца театре вог1ур ву».

Султана соьга элира,ша  сарахь соьца театре вог1ур ву ,аьлла.

3.Хьавас, Асете а хьожуш,элира соьга: «Со а,хьо а, иза а балха йохуьйту».

Хьавас ,Асете а хьожуш,элира соьга,ша а,со а, иза а кхана балха йохуьйту аьлла.

Хьалхарчу шина предложенехь, ма -дарра къамел лач къамеле дерзош, ц1ерметдешан 1-ра юьхь 3-чу юьхье,

2-г1а юьхь 3-чу а, 1-чу а юьхье йирзина.

Кхоалг1ачу предложенехь ц1ерметдешан 1-ра юьхь 3-чу юьхье йирзина, 2-г1а юьхь 1-чу юьхье хийцаелла, ткъа 3-г1а юьхь ца хийцаелла.

Вай дийцинарг т1еч1аг1деш маь1на дийр ду вай:

Нехан къамелан авторо шен дош 3-чу юьхье олуш хилахь, ма-дарра къамел лач къамеле дерзош, 2-г1а юьхь  3-чу юьхье хийцало, нагахь цошен дош 1-чу юьхье олуш хилахь, 2-г1а юьхь 1-чу юьхье йоьрзу, цо шен дош 2-чу юьхье алахь, 2-г1а юьхь ца хийцало.

Ма – дарра  къамел

Лач къамел

1. Яхас соьга элира:«Со хьоьца ишколе йог1у».

 

Яхас соьга элира, ша соьца ишколе йог1у  аьлла.

2.Яхас хьоьга элира: «Со хьоьца ишколе  йог1у».

Яхас хьоьга элира,ша хьоьца ишколе йог1у аьлла.

Яхас соьга дош олучу хенахь иза 1-ра юьхь, со 2-г1а юьхь хилла, ткъа цо сайга аьлларг ас д1аолучу хенахь (лач къамелехь), со 1-ра юьхь, Яха 3-г1а юьхь хуьлу. Шолг1ачу предложенехь 2-чу юьхьан ц1ерметдош хийца ца делла.

И башхалла хаа еза вайна.

Иштта вайна хаа деза, нагахь ма-дарра а, лач а къамелийн кеп цхьаъ хилахь, лач къамелана аьлла боху дошт1екхеташ хилар.

Масала:

Хьаьжа-Мурда элира: «Муш беха, къамел доца дика ду».

Хьаьжа-Мурда элира, муш беха, къамел доца дика ду аьлла.

Предложенехь долу хаттар а хуьлу ма-дарра а, лач а.Ма-дарра къамелехь долчу хаттарх ма-дарра (я нийса) хаттар олу.

Лач къамелехь долчу хаттарх лач хаттар олу.

Иза хила тарло чолхе-карарчу предложенехь. Цунна т1ехьа хаттаран хьаьрк ца дуьллу.

Масала:

Зайнапа хаьттира соьга: «Зайнди, хьо юьрта маца воьду?»

Зайнапа хаьттира соьга, со юьрта маца воьду аьлла.

Ткъа х1инца, хьоме дешархой, цитатех, церан нийсаяздарх лаьцна дуьйцур ду вай.

Тайп-тайпанчу авторийн сочиненешна т1ера ма-дарра далийначу дакъойх цитаташ олу.

Цитата ма-дарра къамелан цхьа кеп ю, яздархойн я 1илманхойн, я  куьйгалхойн, я юкъараллин деятелийн, я кхечу г1арабевллачу нехан хьекъалечу дешнех хуьлуш йолу.

Цитата ялайо ша дуьйцург ч1аг1деш, шен ойла къеггина дикий, хазий билгалъяккхархьама.

Нагахь цитата авторан дешнашца ялош хилахь, ма-дарра къамелехь санна,  сацаран хьаьркаш х1иттадо:

XIX-чу б1ешеран 1илманчас, Кавказан этнографа П.К.Услара нохчийн маттах лаьцна яздина:

«Нохчийн мотт ч1ог1а къен хетар даржош берш цунах цхьана а кепара кхеташ боцу нах бу. Мелхо а, и мотт, шен г1оьнца адаман ойланан уггаре а к1оргера аг1онаш а йийцалур йолуш, ч1ог1а  хьалдолуш бу».  

Цитата, предложенин дакъа долуш санна, яло а тарло, т1аккха иза кавычкаш юккъехь жимачу элпаца язйо:

Академика «мотт ойланан дег1» лерина.

Цитата юьззина ялош ца хилча, и яцйинчу метте дукхат1адамаш дохку, масала:

Цхьана яздархочо яздина: «Халкъо дикачу амалех хьалхарниг собар лерина…».

Цитата латини дош ду. Нохчийн маттахь цуьнан маь1на «кхайкхар», «ц1еяккхар» ду.

Цитата вай ялайо, ваьш дуьйцург ч1аг1деш, хаздеш.

Цитата ялор, цкъа-делахь, тоьшаллина г1оьнна кхайкхар санна ду,

шолг1а - делахь, дуьйцург ч1аг1деш, хаздеш олучун ц1еяккхар санна а ду.

Х1инца шун хаарш толлуш, болх бийр бу вай.

Ма-дарра къамел лач къамеле а дерзош, д1аязъе лахара предложенеш:

1. Нана к1анте юха а йистхилира: «Дуьнен чохь хьо дийна мел ву тхаьшшиъ байлахь хетар яц тхойшинна».

2. «Хьо дийна хилчахьана, со  балехь хетар яц суна-м», - элира Марижас вешига.

3. Лох-Беташа йишега элира: «Дийцахьа суна хьайна дагадог1ург».

4. «Сан-м хьуна са  а ма гатделлера», - элира цо лохха.

5. Со ма ца кхета аш дуьйцучух», - цецъяьлла сурт х1оттийра Алпатус.

Нийса жоп.

1. Нана к1анте юха а йистхилира, дуьнен чохь иза дийна мел ву шаьшшиъ байлахь хетар яц шаьшшинна аьлла.

2. Марижас вешига элира, иза дийна хилчахьана, ша балехь хетар яц шена-м, аьлла.

3. Лох-Беташа йишега элира, дийцахьа шена хьайна дагадог1ург аьлла.

4. Цо лохха элира, шен-м цунна са а ма гатделлера, аьлла.

5. Ша ма ца кхета цара дуьйцучух аьлла, цецъяьлла сурт х1оттийра Алпатус.

Тахана, вайна ма-дарра къамел лач къамеле дерзаран некъаш а девзира, иштта цитаташ а, церан нийсаяздар а.

Урок ерзош, дало лаьа Абдурахманов Дукхвахин дешнаш:

«Нохчийн мотт ларбар, цуьнан сий-пусар дар – иза нохчийн г1иллакхаш, 1адаташ, оьздангалла, халкъан ламасташ, къоман истори ларъяр ду. И мотт буьйцуш, цуьнан дозалла деш б1ешерашкахь баьхначу нохчийн 1илманчийн, яздархойн, политикийн, динан дайн, къанойн сий-пусар дан деза… Со тешна ву нохчийн мотт кхиорехь, къоман г1иллакхаш лардарехь вай массара а кхид1а къахьоьгуш, оцу новкъахь баккхий кхиамаш бохург хиларх».

 

Дала аьтто бойла вайн  оцу некъа т1ехь ц1ена чекхдовла!

1одика йойла шун!  Марша 1ойла!