Урок 9. Хуттаргаш йоцчу чолхечу предложенешкахь шит1адам.

Параграфы

Eще уроки в данной главе

Маршалла ду шуьга хьоме дешархой.

Рог1ерчу урокехь вай дуйьцур ду хуттургаш йоцчу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш х1итторан  бакъонех.

Хьалхарчу урокехь вайна евзира хуттургаш йоцу  чолхе предложенеш;

чолхечу  предложенехь цхьалхе предложени маь1ница а, эшарца а цхьаьнахутту  предложени хуттургаш йоцу  чолхе предложени ю (хуттургаш а, хуттургийн дешнаш а доцуш).

Уьш вовшахтосуш а, оцу дакъойн юкъаметтигаш билгалйохуш долу декхарш шена т1елоцу эшаро( интонаци).

Масала:

Доклад дика хийтира суна: цу т1ехь вайн халкъан яздархойн исбаьхьчу произведенех лаьцна дуьйцура.

- Оцу предложенера цхьалхе  предложенеш цхьаьнатоьхна чулацамца а, эшарца а.

-Барта уьш интонацица билгалйо,ткъа йозанехь тайп- тайпаначу сацаран хьаьркашца (запятой, шит1адам, т1адамца запятой,тире, маь1нашка хьаьжжина).

- Хуттургаш йоцчу чолхечу предложени юкъа йог1учу предложенешна юккъе шит1адам буьллу кху меттигашкахь:

  1. Хьалхарчу предложенехь дуьйцучун бахьана шолг1ачу предложенино гойтуш хилахь а, х1унда аьлча боху бахьанин хуттург ца олуш йитахь а.

Масала:

Цхьогал х1иллане ду: цо ша цкъа хадориг ворх1азза юсту.

Х1унда аьлча -боху  хуттург хилахь, цунна хьалха ц1оьмалг юьллу, м а с а л а:Цхьогал х1иллане ду, х1унда аьлча цо ша цкъа хадориг ворх1азза юсту.

  1. Хьалхарчу предложенин чулацам билгалбеш шолг1аниг хилахь а шит1адам буьллу.

масала:

Х1инца новкъа ваьлларг со-суо вацара: базара даха даьлла Ваша а, деца а дара, цаьрца цхьаьна со а вара.

(цу предложенехь маь1ница - х1унда аьлча- боху хуттург юкъаяло мега. Иза юкъаялаяхь, цунна хьалха  ц1оьмалг йилла еза).

  1. Хьалхарчу предложенино чулоцург т1едузий шолг1ачо кхочушдеш хилахь а буьллу шит1адам.

масала:

 Со юхахьаьжча, суна го: г1опара хаьхкина вог1уш г1алг1азкхи вара.

 Со юхахьаьжира, суна гира: чехка вог1уш вара Анзор.

-Хуттургаш йоцчу чолхечу предложенешкахь цуьнан дакъошна юккъера маь1нин юкъаметтигаш дукха  билгала  къаьсташ а ца хуьлу, цундела церан чулацамехь билгалъяха езаш хуьлу уьш,къамел дечун а, ладуг1учун а юкъарчу  хааршна т1е а тевжаш. Масала:

Шелъяла юьйлира, мох хьаькхира.

-Оцу предложенин маь1на тайп- тайпана дан тарлуш ду.Нагахь санна къамел дечо 1аламехь болу хийцамаш бийцахь, т1аккха цо и хийцамаш багарбаран хьесапехь бовзуьйту, предложени дагардаран эшарца (интонацица)схьа а олу, ткъа йозанехь оцу предложенешна юккъе запятой юьллу.

- Нагахь санна къамел дечо шелъяларан бахьана довзуьйтуш делахь, чолхечу предложенехь бахьанин юкъаметтигаш билгалйоху, т1аккха и предложени хаамбаран хьесапехь олу, аз лах а деш, шолг1ачу декъехь, ткъа йозанехь предложенешна юккъе шит1адам буьллу, масала:

Шелъяла юьйлира: мох хьаькхира.

 -Х1инца 1амийнарг т1е а ч1аг1деш, цхьа т1едиллар кхочушдан  таро хир ю вайн.

Ялийна прдложнеш оьшшучу эшарца д1а а йоьшуш, цуьнан г1оьнца маь1нин юкъаметтигаш билгалйохур ю вай:

Адаман иэс к1айн кехат ду: наггахь дика язло, ткъа наггахь –вуон.

( хьалхарчу предложенино чулоцург т1едузу шолг1ачо –шит1адам буьллу).

Олхазарийн г1ара яцара хезаш: тов йолчу хенахь эшарш ца лоькху цара.

( предложенехь дуьйцучун бахьана шолг1ачу предложенино гойтуш ду,цундела царна юккъе шит1адам буьллу).

Дукха луьйш верг сахьтан д1асалесташ болчу 1айгах тера ву: иза а, важа а сацон деза.

( хьалхарчу преложенехь дуьйцург т1едузу шолг1ачо, царна юккъе а шит1адам буьллу) .

Сингаттаме ю со:  соьца сан нана яц.

(предложенени бахьанин маь1на долуш ю, -х1унда аьлча- боху хуттург юкъаяло мегара, амма и ца олуш йитина , цундела  шит1адам биллина).

-Сацаран хьаьркех долу хаарш шун муха ду хьовсур ду вай х1инца,  т1едиллар кхочуш а деш.

-Къастаде,муьлха сацаран хьаьрк х1отто деза предложенехь:запятой , запятойца т1адам,шит1адам.

СлайдLне читать)

Олхазарийн г1ара  а д1атийра(?)буьйса юьйлира.

Делкъал т1аьхьа  пхи сахьт даьлла хан яра (?)1имран хьуьжаре ваха кечлуш вара.

Воккхавера к1ант(?)  башха 1алам дара б1аьрго схьа ма- лоццу.

 Сан болх кхечу кепара бара (?) со нохчийн мотт толлуш вара.

-Т1едилларан нийса жоп:

Олхазарийн г1ара  а д1атийра:буьйса юьйлира.

Делкъал т1аьхьа  пхи сахьт даьлла хан яра ;1имран хьуьжаре ваха кечлуш вара.

Воккхавера к1ант, башха 1алам дара б1аьрго схьа ма- лоццу.

Сан болх кхечу кепара бара: со нохчийн мотт толлуш вара.

 Тахана вайна евзира  хуттургаш йоцчу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш х1итторан бакъонаш, барта уьш интонацица билгалъяр а девзи ,ткъа йозанехь  маь1нашка хьаьжжина шит1адам  билларан билгалонаш а евзи.

Ц1ахь, шаьш ешначу муьлххачу цхьаьна текста юкъара схьакарае хуттургаш йоцу чолхе предложенеш.

Цу т1ехь вай урок ерзор ю, шун 1одика йойла, марша 1ойла.