Урок 7. Т1етуху предложени а, цуьнан карчам а ю.

Параграфы

Eще уроки в данной главе

Х1окху урокехь вай шуна йовзуьйтур  ю т1етуху предложени а, цуьнан  карчам а, иштта уьш къастор.

Вайн маттахь дукха нисло чолхе-карара предложенеш, т1етухучу предложенийн ерриге а грамматически билгалонаш юьззина кхочушхуьлуш а, кхочуш ца хуьлуш а.Цундела меттан 1илманан декъехь царна юккъехь башхо хуьлу. И башхо кхузахь билгалйоккхур ю вай.

Коьртачу предложених йозуш а, иза кхетош а, шен ерриге а грамматически билгалонаш юьззина кхочушхилла а йолчу карарчу предложених юьззина  бакъонца йолу т1етуху предложени олу.

К1ант шеквелира , и схьабог1урш, шайца воккханиг волуш  я воцуш, шена т1аьхьабог1у шен накъостий бу аьлла.

И предложени  кхачаман т1етуху предложени  ю.

Иза коьртачух д1ахутту  аьлла бохучу кхеторан хуттурго.

Хотталург дожаран хаттарна жоп луш йолу и предложени коьртачу предложенин  шеквелира  бохучу сказуемих йозуш ю: шеквелира стенах? 

Цо  лач кхачаман маь1на ло.

-Цу чолхе-карарчу предложенехь йолу т1етуху предложени хила ма-еззара бакъонца ю, шен ерриге а грамматически билгалонаш юьззина кхочушхилла  а йолуш.

Коьртачу предложенех йозуш а, иза кхетош а, шеен грамматически билгалонех цхьаерш кхочушхилаза а йолчу карарчу предложених т1етухучу предложенин карчам олу.

Цуьнан дог дуьйхира, б1аьргаш дикка хих дуьзира,конкурсехь ша чекх ца яьллий хиъча.

Х1ара  предложении коьртачу предложенин дуьзира бохучу сказуемих йозуш ю.

Цо жоп ло маца? х1унда? бохучу шина хаттарна.

Цо хенан а, бахьанин а маь1на ло.

Иза хенан (бахьанин)т1етухучу предложенин карчам бу.                                      Иза коьртачу предложенех д1ахуттуш хуттург а, я хуттурган дош а дац(ца яьллий хиъча боху хенан латтам бу).

Коьртачу предложенехь гуш яханчу хенан хандашах хилла хандешан цхьалхе сказуеми ду(дуьзира), ткъа т1етухучу предложенехь сказуеми дац, хан (бахьана) гойтуш йолу хандешан латтаман кеп ю(хиъча).

  -Цу кеппара, цу чолхечу предложенехь йолчу карарчу(т1етухучу) предложенин ерриге грамматически билгалонаш кхочуш ца хилла.

-1амийнарг т1еч1аг1деш, карчамца йолчу чолхе-карарчу предложенийн

тидам бийр бу вай х1окху иллин мог1анашкахь.

Сай.

Ламанах духдуьйлу шал шийла шовданаш

Шен бекъачу кийранна 1аббалц ца молуш,

Варша йисте ва йолу марг1ала сийна буц

Шен оьздачу зоьрханна буззалц цаюуш,

Цу хьуьнан хотешкахь берзан йорт ва етташ,

1инан к1орге ва буьйлуш, сема ла ва дуьйг1уш,

Иччархочун ва тоьпо лацарна ва кхоьруш,

Мокхазар ва бердах куьран га ва хьоькхуш,

Цу попан орамах торг1ал т1а ва детташ,

Лергаш дуьхьал ва туьйсуш, кур аркъал сеттабеш,

Орцах лаха ва буьйлуш, г1елашка ва г1ерг1аш,

Масане сай лела г1елашца ва боцуш,

Вай бен дац, к1енатий, бохуриг ца хуьлуш.

                                                                                   (халкъан илли)

-Х1окху урокехь вай дийцира т1етухучу предложених а, цуьнан  карчамах а лаьцна, иштта евзира церан грамматически билгалонаш а.

Цу т1ехь вай ерзор ю вешан рог1ера урок.

1одикайойла шун! Марша 1ойла!