Урок 6. Чолхе предложени

Параграфы

Eще уроки в данной главе

Вай кхид1а а дуьйцур ду чолхечу предложенех лаьцна.

Вайна ма- хаъара, чолхе предложенеш кхаа тобане екъалуш ю:

  • чолхе цхьаьнакхетта предложенеш
  • чолхе – карара предложенеш
  • хуттургаш йоцу чолхе предложенеш.

Х1окху урокехь вай къаьсттина тидам т1ебохуьйтур бу чолхе – карарчу предложенина а ,  иштта чолхе – карарчу предложенехь т1етухучу предложенийн кепаш  а йовзуьйтур ю .

 Дагадоуьйтур ду вай  муьлхачух олу чолхе -карара предложени:

Шена чохь цхьа предложени вукхунах йозушший, кхетошший  йолчух чолхе – карара предложени олу.

Чолхе – карарчу предложенехь цхьаъ- коьрта предложени ю, шолг1аниг  - т1етуху предложени. 

Масала: }

Цунна шена а ца хаьара ( ца хаьара х1ун?),ша оцу балех муха к1елхьара вер ву.

Цунна шена а ца хаьара      -  коьрта предложени ю,

Ша оцу балех муха к1елхьара  вер ву   -    т1етуху предложени ю.

-Нохчийн маттахь т1етуху предложенеш  масех  кепара хуьлу :

Кхачаман т1етуху предложенеш

Къастаман т1етуху предложенеш

Латтамийн т1етуху предложенеш

Ткъа латтамийн т1етуху предложенеш шайн рог1ехь екъало                                                                       

хенан

даран суьртан

бараман

бахьанин

1алашонан

бехкаман  кепашка

Коьртачух уьш д1ахутту  хуттурго ,я хуттурган дашо.

Коьртачу предложенин подлежащих, я нийсачу кхачамах  йозуш хуьлу  къастаман т1етуху предложени,ткъа кхийолу т1етуху предложенеш  коьртачу предложенин сказуемих йозуш хуьлу.

 Масалаш далор ду вай:

Доьзале кехат кхечира, да Сибрех  хьажийна аьлла.

х1ун кехат? – да Сибрех хьажийна аьлла.

кехат  - нийса кхачам бу,цуьнца йоьзна т1етуху предложени  - къастаман т1етуху предложении ю.

къастаман т1етухучу предложенино муха? муьлха? х1ун? бохучу хаттаршна жоп ло.

Царна дуьйцуш хезнера, кестта т1ом д1а а бирзина, Нохчийчохь машар хила мега бохуш.

хезнера х1ун? -  кестта т1ом д1а а бирзина, Нохчийчохь машар хила мега бохуш.

хезнера  - сказуеми ду, -  кестта т1ом д1а а бирзина, Нохчийчохь машар хила мега бохуш  - кхачаман т1етуху предложении ю, х1унда аьлча, иза сказуеми кхетош а, кхачаман маь1на луш а ю бохуш хуттург ю.

-Хан а гойтуш ,маца? маццалц? бохучу хаттаршна жоп лучух хенан т1етуху предложени олу.

Ша юьртахь  вехаш мел ву, г1иллакх лелийра Ахьмада юьртарчу нахаца.

лелийра маццалц?  - ша юьртахь вехаш мел ву -  хенан т1етуху предложени  ю

мел  хуттурган дош ду

-Коьртачу предложенин сказуемин даран сурт х1оттош, муха? мича кепара? бохучу хаттаршна  жоп лучух даран суьртан т1етуху предложени олу.

Шайн куьпахь а г1арваьллера иза, даиман а ойланаш еш, г1ийла ву бохуш.

 г1арваьллера муха? - даиман а ойланаш еш, г1ийла ву бохуш. – даран суьртан т1етуху предложени.

Коьртачу  предложенин  сказуеми кхетош, цуьнан бахьана  гойтучух бахьанин т1етуху предложени олу.

Массо а тапъаьлла 1аш хилла, х1ара х1ун ала воллу  те бохуш.

1аш хилла х1ун бахьана долуш? - х1ара х1ун ала воллу  те  бохуш- бахьанин т1етуху предложени

бохуш – хуттург ю

Коьртачу предложенехь дуьйцучун 1алашо гойтучух , 1алашонан т1етуху предложени олу.

Доттаг1чун кост д1акхачор ша аьлла,  юьрта вахара иза .

вахара  х1ун 1алашо йолуш? - доттаг1чун кост д1акхачор ша аьлла -1алашонан т1етуху предложени олу.

аьлла  хуттург ю

-Коьртачу предложенехь дуьйцучун барам гойтучух бараман т1етуху предложени олу.

Оха деши лур ма ду, мел оьшу хьуна.

лур ду мел? – мел оьшу хьуна- бараман т1етуху предложени олу.

-Коьртачу предложенехь дуьйцучун бехкам гойтуш, нагахь, я нагахь санна   бохучу хуттургаша коьртачух д1ахуттучух  бехкаман т1етуху предложени олу.

 Нагахь сарахь хьо со волчу вог1ий , вайшиъ хьошалг1а г1ур ву.

г1ур ву  мича бехкамца? - нагахь сарахь хьо со волчу вог1ий- бехкаман т1етуху предложени олу.

-Иштта ю т1етухучу предложенийн кепаш.  Х1инца дийцинарг т1еч1аг1деш, шу вайн уроках муха кхетта хьовсуш ,цхьа т1едиллар кхочушдийр ду .

-Т1етуху предложени билгалъяккха,цуьнан тайпа къастаде.

 ( не читать)

Цо хаттахь ас жоп лур ду , сайн маса шо ду аьлла.

Со к1илло ю аьлла ца хезаш ,со майра к1ант ву аьлла хезар ду хьуна.

Со дийна мел ву, сан хьешана цхьаммо  а вас йийр яц.

Компьютер лело ца хаьа бохуш, кружоке д1а ца оьцура со.

Дела денна Эдал волчу х1уттура иза,машарх лаьцна цхьа а керланиг дац теша бохуш.

Ж1аьлин гуй а ц1еста ду бохуш , дуьйцу захало.

Нагахь ахь аьлларг ца до-кх,со хьуна оьг1аз  г1ур ву.

-Т1едиллар нийса кхочушдинехь,жоп иштта хир ду:

 (читать)

Цо хаттахь ас жоп лур ду , сайн маса шо ду аьлла.(къастаман т1етуху предложени)

Со к1илло ю аьлла ца хезаш ,со майра к1ант ву аьлла хезар ду хьуна.(кхачаман т1етуху предложени)

Компьютер лело ца хаьа бохуш, кружоке д1а ца оьцура со.(бахьанин т1етуху предложени)

Со дийна мел ву, сан хьешана цхьаммо а вас йийр яц.(хенан т1етуху предложени)

Дела денна Эдал волчу х1уттура иза, машарх лаьцна цхьа а керланиг дац теша бохуш.(1алашонан т1етуху предложени)

Ж1аьлин гуй а ц1еста ду бохуш , дуьйцу захало.(даран суьртан т1етуху предложени)

Нагахь ахь аьлларг ца до-кх,со хьуна оьг1аз  г1ур ву.(бехкаман т1етуху предложени)

-Х1окху урокехь  вай карлаехи чолхе -карара  предложенеш, иштта чолхе – карарчу предложенешкахь т1етухучу предложенийн кепаш  а, церан бакъонийн башхаллаш муха ю а  евзи.

 Кху т1ехь вай урок ерзор ю.

1одика йойла шун, марша 1ойла.