Урок №53 Дешнаш. Предложенеш

 

Де дика хуьлда шун, бераш!

- Шуна хаьа, хIокху дуьнен тIехь массо а хIума цхьана билггалчу хIуманех лаьтташ ю: хьун-диттех, мархаш - хин тIадамех, къамел –предложенех, ткъа тахана вай дуьйцур ду дешнех лаьттарг-предложени хIун ю. Вайна хуур ду предложени хIун ю и муха къасто еза дешнийн цхьаьнакхетарх. Аларан Iалашоне хьаьжжина предложенеш маса тайпана хуьлу а, йозанехь церан чаккхенгахь муьлха сацаран хьаьркаш йохку а.

- Вайн къамел предложенех лаьтта, ткъа предложенеш дешнех.

ХIун ю предложени? Муьлхха а дешнашна хIотталой предложени?

Слайд: Буста ши могIа:

  1. I) Цициг, гоьрга, дика, язйо.

2) Цициг, можа, Iуьллу, дижина

- Муьлххачу дешнех предложени кхолла йиш ю?

- Ала йиш юй:

Слайд:

- Цициго дика язйо. Горга цициг.

- ХIан-хIа. Йиш яц.

- ШолгIачу могIанехь долчу дешнех предложени кхолла хьовсу вай.

Слайд:

Можа цициг дижина Iуьллу.

- Вайна хии цициг можа дуй, и дижина Iуьллий а.

 

- Сурт хIотто а, дилла а йиш ю вай

 

Слайд:

Предложенино кхочушхилла яьлла ойла гойту. Предложени, маьIница вовшахкхеттачу дешнех лаьтта.

- ТIедиллар кхочушде вай.

- Схьалахий вай предложенеш.

 

Слайд:

БIаьсте, бераш, хьун, малх.

ТIекхечира бIаьсте.

Мело-о мох хьоькху.

 Нийса жоп иштта хила деза:

- Хьалхарчу могIанехь дешнаш ду, шолгIачу могIанехь ши предложени.

 

Слайд:

1-ра: ТIекхечира бIаьсте.

2-гIа: Мело-о мох хьоькху.

- ХIора предложенино шен-шен маьIна даьстина. Предложенера дешнаш маьIница, дуьйцучух кхеташ вовшахтесна ду.

- Аларан Iалашоне хьаьжжина предложенеш хуьлу:

 

Слайд:

дийцаран - Тхо юьрта дахара

хаттаран - Хьо хиллий аьхка юьртахь?

айдаран - Ма хаза хуьлу аьхка юьртахь!

- ТIедиллар кхочушде вай, чаккхенга сацаран хьаьркаш хIиттош.

 

Слайд:

Тхан доьзал боккха бу тхо бертахь деха со ирс долуш ву хьан буй доттагIий

Нийса жоп иштта хила герга ду

 

Слайд:

Тхан доьзал боккха бу.

Тхо бертахь деха

Со ирс долуш ву!

Хьан буй доттагIий?

- Предложенеш нийсаязъяран бакъонаш юй-те? Ю. Предложенеш гуттара доккхачу элпаца язйо.

 

Слайд:

Предложенин чаккхенгахь тIадам, хаттаран я айдаран хьаьрк юьллу.

Царех сацаран хьаьркаш олу.

 

- Тахана урокехь вайна хии, предложени стенах олу.

- Iеми предложенеш, дешнаш къасто.

- Девзи аларан Iалашоне хьаьжжжина предложенийн тайпанаш, сацаран хьаьркаш хIитто а.

- Хьоме бераш! Кху тIехь чекхйолу вайн таханлера урок. Хаддаза къахьега деза вай вешан мотт кхиорехь. Дала аьтто бойла шу!

- Iодика йойла шун!

   Марша Iойла!