Урок №52 Нохчийн алфавит

- Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!

- Вай хIинца дIайолор ю рогIера нохчийн меттан урок.

- Бераш, таханлера де тIекхаччалц вай шуьца Iамийна аьзнаш а, элпаш а.

- Уьш вайна оьшу еша а, яздан Iама а, говза а, хаза а къамел дан .

- ДагадогIий шуна, маса элп Iамийна вай.

- Вай шуьца Iамийна 49 элп.

- Тидаме мила ву хьовсий вай.

- Даладай вай догIу дош.

 

Слайд:

Ду и тамашена гIутакх,

Кхочушдо цо доккха гIуллакх,

Iалашдо цо нохчийн элпаш-

Уьш дагардан тоац пIелгаш,

ХIора элпан ю шен кIара,

Цу чуьра и далац ара.

ХIора элпан ду шен амат-

Олу цунах, бераш, … (абат)

 

Слайд:

РогIехь дIахIиттийначу элпех - Абат олу.

Слайд.

Алфавит нохчийн маттахь - Абат

 

Слайд:

 

I-(Iа)

- Нохчийн алфавитехь 49 элп ду.

 

Слайд:

Мукъа элп I5 ду - а, аь, е, ё, и, о, оь, у, уь, ы, э, ю, юь, я, яь.

Мукъаза элп 33 ду - б, в, г, гI, д, ж, з, й, к, кх, къ, кI, л, м, н, п, пI, р, с, т, тI, ф, х, хь, хI, ц, цI, ч, чI, ш, щ, ъ, I.

Слайд:

Шалха элп I5 ду - аь, оь, уь, юь, яь,

гI, кх, къ, кI, пI, тI, хь, хI, цI, чI,

кIеда хьаьрк - ь

чIогIа хьаьрк - Ъ

 

- ТIеэцначу дешнашкахь хуьлу элпаш - ф, ё, щ, ы.

Слайд:

Масала: форма, ёлка, щётка, вышка.

- Ткъа хIинца шун хаарш толлур ду вай.

- ХIара дешнаш алфавитан рогIаллехь дIанисде.

Слайд:

Бад, аьрзу, ага, гIаз, говр, ворда,етт, диг, жIов, ёлка, зу ,

кхокха, маьнга, кIеза , юкъ, Iахар, цIазам.

 

- Болх нийса бинехь иштта хила беза:

Слайд:

Ага, аьрзу, бад, ворта, говр, гIаз, диг, етт, ёлка, жIов, зу, кхокха, кIеза, маьнга, цIазам, юьхк, Iахар.

 

Слайд: ХIара дагахь латтаде.

Алфавитан рогIаллехь язйо фамилеш а, дIанисйо библиотекера книгаш а.

Дошам тIера дешнаш а алфавитан рогIаллехь дIанисдо.

 

- Кху тIехь вайн урок чекхйолу.

Iодика йойла шун, марша Iойла.