Урок №51 Мукъа элп «ы» довзийтар, яздар

Де дика хуьлда шун, хьоме дешархой!

- ХIокху урокехь вайна девзар ду мукъа элп «ы». Iамор ду элп ы юкъадогIу дешнаш деша а, предложенеш еша.

 

Слайд (элп ы).

- Ала массара элп ы.

- Ы мукъа аз ду. Олучу хенахь багахь хIаваана дуьхьало, новкъарло ца хуьлу. Деха алало  иза вайга.

 

- Нохчийн маттахь тIеэцначу дешнашкахь, фамилеш юккъехь бен ца яздо элп ы.

- Суьрташка а хьовсий, ала хIун го вайна кху тIехь.

 

Слайд: (суьрташ гойту)

Вышка, лыжаш, Грозный.

 - Элп ы доккха хуьлуш дац, хIунда аьлча Ы элп хьалха яздеш дош дан дац.

- Элп ы могIанан бен хуьлуш дац.

- Кху текстера ы элпаца долу дешнаш схьа а яздеш, дешдакъошка декъий вай.

 

Слайд:

Вайн Даймохк.

- Грозный, Нохчийчоьнан коьрта шахьар.

Хаза а, хьалдолуш бу вайн Даймохк Нохчийчоь.

Лекха лаьмнаш, шера аренаш, чехка хиш, юькъа хьаннаш - дерриг а ду вайн махкахь.

Беркате ду вайн латта. Лаьтта бухара мехкадаьтта схьаузу вышканаш ю вайн махкахь.

Вайн Хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах музей а ю кхузахь

Кестта лаьмнашкахь схьайоьллур йолуш ю лыжни курорт.

 

Слайд:

Грозный - Гроз-ный

вышканаш – выш-ка-наш

Кадыров – Ка-ды-ров

лыжни – лыж-ни

 

- ХIинца ы элп яздан Iемар ду вай.

 

Слайд:

    Ы элп яздан дуьйлало вай, и яздеш сана. Лакхарчу могIанера хьайгахьа охьадаладе сиз. Лахарчу могIане охьакхачале хьаланехьа тIе а горгдеш, юха тIегоргде элпана юккъе кхаччалц. Юха могIане хьакха а ца луш, жима шад бийр бу вай. Цул тIаьхьа лакхарчу могIане кхаччалц хьалахьур ду вай сиз. ТIаккха куьг хьала а ца ойуш, сиз охьа а деана, лахарчу могIанера хьала горгдийр ду вай.

 

Хьоме дешархой хIокху урокехь шуна довзийтинарг оьрсийн маттера тIеэцначу дешнашкахь, фамилешкахь яздеш долу могIанан элп (Ы) дара. Элп ы вайна яздан а Iеми, иштта ы юкъахь долу дешнаш деша а Iеми.

 

ХIара урок кху тIехь ерзайо вай.

Iодика йойла, марша Iойла!