Урок 4. Чолхе-цхьанакхетта предложени,цуьнгахь хуттургаш а,сацаран хьаьркаш а.

Параграфы

Eще уроки в данной главе

Нохчийн мотт ширачу меттанех цхьаъ бу.

 Адамийн дахарехь йоккха меттиг д1алоцу цо.

Шен дагахь дерг,шен ойла маттаца йовзуьйту х1ора стага.

Ткъа шуна х1оранне а луур дара аьлла хета суна шайн ненан меттан к1оргенаш йовза а,и говза бийца 1ама а.

 Цу 1алашоне кхача хьовсур ду -кх вай .

Таханлерачу урокехь вай дуьйцур ду  чолхе- цхьаьнакхеттачу предложенех, цуьнгахь сацаран хьаьркех а,хуттургех а.

 Карладоккхур ду вай,муьлхачух олу чолхе предложени:

Шина, я масех  цхьалхечу предложенех лаьттачух чолхе предложени олу.

Чолхе предложенеш кхаа тобане екъало:

1.чолхе-цхьаьнакхетта предложенеш;

2.чолхе-карара предложенеш;

3.хуттургаш йоцу чолхе предложенеш.

-Цхьабосса бакъо йолуш цхьанакхеттачу цхьалхечу предложенех лаьттачу чолхечу предложених  чолхе- цхьанакхетта предложени олу.

-Чолхе-цхьанакхеттачу  предложенешкахь цхьаьнакхетаран хуттургаш хуьлу. Уьш еа кепара ю:

1.Дозаран хуттург  а: Йовха  аьхке чекх а  елира,йочане гуьйре т1е а кхечира.

2.Къасторан хуттург я: Я хьо со волчу вог1у,я со беш ахка воьду.

3.Дуьхьалара  хуттургаш : амма,ткъа,делахь а,бакъду,цхьабакъду,х1етте а:

Малх кхийтира,амма х1инца а шийла яра арахь.

Со аравелира,ткъа иза суна т1аьхьа ца велира.

4.Довзийтаран хуттургаш:   аьлча а, вуьшта аьлча а. 

К1анта лаьцна ча ялийра,аьлча а шо кхаьчна чен к1орни.

-Дуьхьалара а, довзийтаран а хутургашна хьалха ц1оьмалг юьллу.

 -Иштта чолхе-цхьаьнакхеттачу предложенехь йолу цхьалхе предложенеш вовшахкъастайо ц1оьмалгашца.

- Кхин цкъа а тидам беш хьовсур ду вай далийначу масалшка.

-Хаарш т1еч1аг1деш т1едиллар кхочушдан хьовсур ду  вай.

-Х1окху предложенешкахь оьшучу сацаран хьаьркаш а, хуттургаш а яхка.

Къонахий дукха ца беха уьш ца хедаш беха.

Нахаца г1иллакхе и  вацахь хаалахь и къонах воций.

Д1ора къоьжа лаьмнаш санна къена дагца къона хьоме мохк.

Лам т1е волуш тийсира цо цергаш куьйгашца къевлинера лергаш.

Т1едиллар нийса кхочушдинехь,гергарчу хьесапехь иштта хир ду жоп:

Къонахий дукха ца беха,амма  уьш ца хедаш беха.

Делахь а нахаца г1иллакхе и  вацахь, хаалахь и къонах воций.

Д1ора къоьжа лаьмнаш санна ,къена,амма  дагца къона хьоме мохк.

Лам т1е волуш тийсира цо цергаш, ткъа  куьйгашца къевлинерв лергаш.

- Кхин а цхьа т1едиллар кхочушдан хьовсур ду вай.

-Язйинчу предложенешкахь хуттургаш билгалъяха,къастаде церан тайпанаш:

1.Наггахь генахь я пондар хеза,я ж1аьла лета.

2.Хьайна оьшург 1алашде,амма  сутара ма хила.

3.Аьлларг дети делахь а, цааьлларг деши ду.

4.Бакъду,соьга а шеца вола бохуш вара иза, амма сан йиш ма  яц  волавелла лела.

-Нийса жоп иштта хир ду:

1-чу  предложенехь къасторан хуттург я

2-чуй, 4-чуй  предложенешкахь дуьхьалара хуттургаш амма,бакъду.

3-чу предложенехь дозаран хуттург а.

Тахана вай дийци чолхе-цхьанакхеттачу предложенех  лаьцна.

Карлаехи чолхе-цхьанакхеттачу предложенешкахь лела хуттургаш а, цаьргахь сацаран хьаьркаш а.

Вай 1амийнарг  т1еч1аг1деш,   ц1ахь   масех чолхе-цхьанакхетта  предложени ялае .

 Кху т1ехь вайн урок чекхйолу.

1одика йойла шун, марша 1ойла.