Урок 3. Шакъаьстина меженаш

Параграфы

Eще уроки в данной главе

-Таханлерчу рог1ерчу цхьаьнакхетарехь вай дуьйцур ду предложенин шакъаьстинчу меженех лаьцна.

- Оьрсийн маттахь «Обособленные члены предложения».Муьлхачех олу вай предложенин шакъаьстина меженаш?

Предложенехь соцунг1иций, маь1ниций кхечу дешнех д1акъаьстачу меженех предложенин шакъаьстина меженаш олу.

Предложенехь шакъаьстина меженаш кхечу дешнех, ц1оьмалг юьллуш, къастайо.

Масала: Ахьмад, чуьра ара а ваьлла, сихонца эвла юккъе вахара.

Дуккха адамаш, къаьсттина бераш, ч1ог1а хазахеташ хьуьйсура хаьхкинчу говрашка.

К1ант ша лаьттачуьра юхаиккхира, ч1ог1а цец а ваьлла.

-Предложенехь шакъаьстина меженаш тайп-тайпана хуьлу:

причастин а, деепричастин а карчамаш, шакъаьстина юххедилларш, хенан, меттиган латтамийн дурсаш, шакъаьстина кхачамаш.

Шеца кхеторан дешнаш долчу деепричастих деепричастин карчам олу.

Сихха шен журнал схьа а эцна, ведда ша 1ийначу метте вахара  к1ант.

Ела а къежна, д1аяхара иза.

-Цу деепричастин карчамех даран суьртан латтамаш хуьлу.

-Шеца кхеторан дешнаш долчу причастих причастин карчам олу.

Нохчийн  г1араваьллачу  говзачу поэтан Мамакаев 1арбин произведенеш, к1орггерчу  хьекъалца а,лаккхарчу говзаллица а, йоккхачу исбаьхьаллица а язйина йолу, 1аламат  хаза а, дика а ю.

-Кхузахь причастин карчамах баьржина къастам хуьлу.

Иза шакъаьстина къастам бу.

-Вай хьалха ма-аллара,причастин а ,деепричастин а карчамаш предложенехь ц1оьмалгаца къастош хуьлу. Х1унда аьлча,уьш соцунг1иций,эшарций,маь1ниций кхечу дешнех д1акъаьста.

-Ткъа, цхьайолчу предложенешкахь ц1оьмалг ца юьллуш меттиг нисло. Масала:

Даима а цхьанхьа кхача сиха волу Бека накъоста шега дуьйцург хезаш вацара.

Х1орда т1ера схьахьоькху мох т1етт1а ч1аг1луш бара.

Амма:

Бека, даима а цхьанхьа кхача сиха волу, накъоста шега дуьйцург хезаш вацара.

Мох, х1орда т1ера схьахьоькхуш болу, т1етт1а ч1аг1луш бара.

-Ша билгалдечу ц1ердашна хьалхахь хилахь ,билгалдашах я причастих хилла баьржина къастам – и ша ца къаьста.Ц1оьмалг вай ца юьллу.

-Ткъа,нагахь санна,билгалдош я причасти ша билгалдечу ц1ердашна т1ехьа нислахь,билгалдашах я ц1ердашах  хуьлуш болу къастам я причастин карчам шакъаьста,т1аккха иза ц1оьмалгаца къастабо.

-Кхид1а,вай дийцинарг т1еч1аг1деш масех т1едиллар кхочушдан хьовсур ду  вай.

-Ца оьшуш ,шозза далийна дош ,причастин карчамца хийца,ялийначу кепе хьовсуш:

Кеп: Тхо цхьаьна ц1а чохь д1атарделира. Ц1а хьуьнхочо дина дара.

Хьуьнхочо динчу ц1а чохь д1атарделира тхо.

  1. Доьдучу хи т1е кхечира тхо. Хи бес-бесарчу беснашца лепаш дара.
  2. Дечиг лахьийначул т1аьхьа ц1арна гонаха хевшира тхо. Йоккхачу ц1аро суьйнаш туьйсура.
  3. Буьйса юккъе яххалц 1ийра тхо туьйранаш дуьйцуш. Буьйса екхна а, хаза а яра.

-Гергарчу хьесапехь  жоп иштта хила тарло:

  1. Бес-бесарчу беснашца лепаш доьдучу хи т1е кхечира тхо.
  2. Дечиг лахьийначул т1аьхьа суьйнаш туьйсучу йоккхачу ц1арна гонаха хевшира тхо.
  3. Буьйса, екхна а,хаза а йолу, юккъе яххалц 1ийра тхо туьйранаш дуьйцуш.

 -Кхин цхьа  т1едиллар кхочушдо вай.Кхузахь оьшучохь сацаран хьаьркаш яхка.

Билгалбаха деепричастин карчамаш:

Лурвоьлла Ахьмад  генна цхьаьна юьртарчу шен гергарчу нахана т1е а вахана  цаьрца 1аш вара.

Х1ижана шен карара деха пийсак а хьаькхна куьрка чуьра  т1аьххьара  хьаьжк1аш схьаехира.

Совдат йист ца хуьлуш лаьттара цкъа кхуьнга хьожуш т1аккха лаьтта хьожуш.

Нийса жоп иштта хир ду:

Лурвоьлла Ахьмад, генна цхьаьна юьртарчу шен гергарчу нахана т1е а вахана, цаьрца 1аш вара.

Х1ижана, шен карара деха пийсак а хьаькхна, куьрка чуьра  т1аьххьара хьаьжк1аш схьаехира.

Совдат, йист ца хуьлуш лаьттара, цкъа кхуьнга хьожуш, т1аккха лаьтта хьожуш.

-Таханлерчу урокехь вай дийци предложенин шакъаьстинчу меженех лаьцна а, цаьргахь сацаран хьаьркех а.

-Шакъаьстинчу меженех юкъара кхетам кхоллабели аьлла хета суна шун.

Ткъа т1ейог1учу урокехь вай кхид1а а дуьйцур ду шакъаьстинчу меженех.

Кху т1ехь вай урок чекхйолу. 1одика йойла шун, марша 1ойла.