Урок №12 Дош а, дешдакъа а

Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!

- Вай юха а дIахьур ю рогIера нохчийн меттан урок!

- Тахана вайна Iемар ду, предложенера дешнаш къасто, уьш дешдакъошка декъа а.

- Иштта хуур ду мукъачу озо дешдакъа кхуллуш хилар а.

Суьрташка а хьовсий, цIерш яха хIуманийн.

Тидам бе маса декъе декъало хIора дош.

Слайд:

Цхьо-гал, сай, чим-чар-гIа, пхьа-гал

Цхьо-гал, пхьа-гал дешнашкахь ши дешдакъа ду;

Чим-чар-гIа- кхо дешдакъа;

Сай- цхьа дешдакъа.

- Муха хуур ду дашехь маса дешдакъа ду?

Слайд

ХIора дешдакъехь мукъа аз хуьлу.

Дашехь мукъа аз долччул дешдакъа а хуьлу.

- ХIинца дIадоьшур ду вай бIогIамалгара дешнаш.

Грозный, гIала, ю, шар, де,

вайн республикин , коьрта ха, ол, зар

- Хьалхарчу бIогIамалгехь дерш дешнаш ду;

- Ткъа шолгIа бIогIамалгехь дерш - дешдакъош ду.

- Дешнех предложенеш кхуллур ю вай, ткъа дешдакъойх - дешнаш.

Слайд:

Нийса иштта хир ду.

Вайн республикин коьрта дешар гIала Грозный ю. олхазар

Слайд:

Предложени дешнех лаьтта. Дешнаш аьзнех лаьтта. Аьзнаш йозанехь элпашца билгалдо. Дешнаш дакъошка декъало.

 - Бераш, вай муха кхетта хьовсуш, тIедиллар кхочушдийр ду вай.

Дешнаш тIе а тухуш, дIаязде дешнаш.

Слайд:

Хор…, …бакх, го…, эм…, цхьо…, …гал, …хат, къо…, олха…, …таг1ий, на.., …рамат, …ца, ки… 

Слайд:

Нийса иштта хир ду.

Хорсам, гIабакх, гота, эмкал, цхьогал, пхьагал, кехат, къолам, олхазар, доттагIий, нана, орамат, цаца, кица.

Дешдакъа хила тарло :

1) цхьана мукъачу озах лаьтташ (о-рам);

2) цхьана мукъачу а, мукъазчу озах лаьтташ а (ис-танг);

3) цхьана мукъачу, масех мукъазчу озах лаьтташ (сти-гал, пхьид)

- Юха а цхьа тIедиллар кхочушдийр ду вай.

Кхаа бIогIамалгахь дIаязде дешнаш: цкъа хьалха – цхьана дешдекъах, тIаккха-шина дешдекъах, цул тIаьхьа кхаа дешдекъах лаьттарш.

Слайд:

Говр, цхьогал, мангалхо, етт, гомаш, ангали, сай, дешархо, ехк, пхьагал, баркалла, уьстагI, сту, яздархо, пондарча, газа, ча, борз, лом, эмкал, туьха, пIераска.

Нийса иштта хир ду.

Слайд:

Говр, цхьо-гал, ман-гал-хо

Етт, го-маш, ан-га-ли

Сай, пхьа-гал, де-шар-хо

Ехк, уьс-таг1, бар-кал-ла

Сту, га-за, яз-дар-хо

Ча, эм-кал, пон-дар-ча

Борз, туь-ха, п1е-рас-ка, Лом

- Хьоме дешархой, тахана вайна Iеми, предложенера дешнаш къасто, уьш дешдакъошка декъа а. Иштта хии мукъачу озо дешдакъа кхуллуш хилар а.

Цу тIехь вай ерзор ю таханлера урок.

Iодика йойла шу! Марша Iойла!