Урок №11 Нохчийн абат

- Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!

- Вай юха а дIайолор ю рогIера нохчийн меттан  урок.

- Тахана вайна хуур ду абат бохург хIун ду, алфавит хIун ю. Иштта царах хIунда  олу.

Слайд:

 - Нохчийн  абатехь (алфавитехь)  49  элп ду. ХIора элпан  шен цIе ю.

 

 

А а    

а

Аьаь

  аь

Б б

бэ

В в

вэ

Г г

гэ

ГI гI

гIа

Д д

дэ

Е е

е

Ё ё

йо

Ж ж

же

З з

зе

И и

и

Й й

й

К к

ка

Кх кх

кха

Къ къ

къа

КI кI

КIа

Л л

эль

М м

эм

Н н

эн

О о

о

Оь оь

оь

П п

пэ

ПI пI

ПIа

Р р

эр

С с

эс

Т т

тэ

ТI тI

тIа

У у

у

Уь уь

уь

Ф ф

эф

Х х

ха

Хь хь

хьа

ХI хI

хIа

 

Ц ц

цэ

ЦI цI

цIа

Ч ч

ча

ЧI чI

чIа

Ш ш

ша

Щ щ

ша

Ъ

чIогIа хьаьрк

Ы

ы

Ь

кIеда хьаьрк

Э э

э

Ю ю

ю

Юь юь

юь

Я я

я

Яь яь

яь

I I

 

 

 

 

 

 

 

- ЧIогIа  мехала  а,  оьшуш  а ду элпийн  рогIалла  дагахь  латтор.  Иза  бен  а доцуш  хIоттийна  яц, аьзнаша (элпаша) вай буьйцучу меттехь, дечу къамелехь  дакъалацаре  хьаьжжина  хIоттийна ю.  

 Слайд:

Абат (алфавит) – иза цхьана кепехь дIанисдина элпаш ду. Абатехь хIора элпан шен меттиг ю.

- Массо  а меттан шен абат ю – аьзнаш билгалден  элпийн  гулар. Ткъа хаьий шуна,  абат  боху  дош  муха  кхолладелла?  Юста  Iарбийн  а, нохчийн  а хьалхарчу элпийн цIерш.

Слайд:

А                           алиф

Б                            ба

Т                            та

- Iарбийн хьалхарчу кхаа элпан цIерех кхолладелла дош ду абат.

- Алфавит боху дош а грекийн хьалхарчу альфа, бета цIе йолчу шина элпах кхоьллина ду.

Слайд:

ХIетал - метал хаийла шуна

Ду и тамашена гIутакх,

Кхочушдо цо доккха гIуллакх,

Iалашдо цо нохчийн элпаш -

Уьш  дагардан  тоац пIелгаш,

ХIора элпан ю шен кIара,

Цу чуьра и далац ара.

 ХIора элпан ду шен амат -

 Олу цунах, бераш, …. .   (абат)

- Хии вайна иза хIун ю. Иза абат ю.

- ХIинца, Iамийнарг тIечIагIдеш цхьа тIедиллар кхочушдийр ду вай.

Абатан рогIаллехь схьаязде хIара дешнаш.

Слайд:

ЖIов,  аьрзу, кхокха, цIазам, бад, ворта,  гIаз, диг, етт, ёлка, кIеза, зу,  маьнга, говр,  юьхк, Iахар, га, ага.

- Болх нийса бинехь иштта хила беза:

 Слайд: Нийса иштта хир ду

Ага,  аьрзу, бад, ворта,  га, говр,  гIаз, диг, етт, ёлка, жIов, зу, кхокха, кIеза, маьнга, цIазам, юьхк, Iахар.

 - ХIара дагахь латтаде.

Слайд:

Алфавитан  рогIаллехь язйо фамилеш а, дIанисйо  библиотекера  книгаш  а.

Дошам  тIера  дешнаш а  алфавитан  рогIаллехь дIанисдо.

 - Кху тIехь вайн урок чекхйолу.

- Iодика йойла шун, марша Iойла.