Урок №10 Мукъаза аз а, элп а Й

-Де дика дойла шу, хьоме дешархой!

- Вай дIайолайо рогIера нохчийн меттан урок.

Бераш, суьрташка а хьовсий, цIерш яха церан.

Слайд:

йод                      ..

- Аша тидам бинехь, оцу массо а дашехь  вайна  хеза  аз [й].

- Вай тахана  Iамор ю  й  элп юкъадогIучу дешнийн нийсаяздаран бакъонаш, элп й юкъадогIу дешнаш сехьадаха а.

Й – элп зевне мукъаза аз ду.

- Шена юххехь мукъа аз доцуш,  цо дешдакъа ца кхуллу:

Слайд:

йо - за, нох - чий, ший - ла.

- Нохчийн маттахь й элп масех маьIнехь лела:

- й - элп яздо о, оь, и  элпашна хьалха хезаш хилахь;

Слайд:

йоза, йоьза, йиша, йогIу, йол.

- Оьрсийн маттахь санна, нохчийн маттахь а й элпо ах мукъа аз билгалдо. Оцу маьIнехь лелаш долу й элп коьртачу декъана а, о элпашна тIехьа нисло.

Слайд:

бай, тай, сай, бой, дой.

Нохчийн маттахь й элп озоран хьаьрк хуьлий а лела.

Озоран хьаьркан маьIнехь элп й лела и, уь, юь элпашна тIехьа.

Слайд:                                          

дийнахь, гуьйре, юьйлу.

Нохчийн маттахь й элп дукхаллин терахьан чаккхе хуьлий а лела. 

Слайд:

доттагI - доттагIий, оьрси - оьрсий, хIири - хIирий.

Нохчийн маттахь элп й дозаран хуттурган маьIнехь лела.

Слайд:

Сой, Асеттий, Мареммий цхьани туькана гIур ю.

-Iамийнарг тIечIагIдеш тIедахкарш кхочушдийр ду вай:

- ХIокху суьртийн цI1ерш дIаязъе кхаа бIогIамалге, й элпаца долалуш  долчу дешнашна кIел сиз хьакха;

Слайд:

      Тай       чайник            бай                   йовлакх    майка           йол.

Слайд: (нийса иштта хир ду)

    Тай, чайник, бай, йовлакх, майка, йол.

ХIинца кхин цхьа тIедиллар кхочушдийр ду;

- ХIора  могIанерчу дешнех предложенеш хIитто хьовсур ду вай:

(й элп долу дешнаш дешдакъошка декъа)

Слайд:

ловзу, майданахь, бераш

ю, майканаш, тIехь, царна

гулйира, дадас, йол.

 Слайд:

(Нийса иштта хир ду)

Бераш май - данахь ловзу.

Царна тIехь май - канаш ю.

Уьш буьрканах  ловзу.

- Дагахь латтаде: Й элп шайца долу дешнаш дешдакъошка доькъуш, элп й бухахь а дуьтуш доькъу:

Масала: Май-ка, гIай-ба, май-да, хьай-ба, чай-ник.

- Вай тахана дийцира й элпах лаьцна.

- Кху тIехь вайн  таханлера урок чекхйолу.

- Шун Iодика йойла,

- Марша Iойла!