Урок 1. Дийцаран, т1етожоран, хаттаран предложенеш

Параграфы

Eще уроки в данной главе

Маршалла   ду шуьга, хьоме дешархой.   

 Х1окху  урокехь   вай   дуьйцур  ду  дийцаран, айдаран,  т1едожоран, хаттаран  предложенех  лаьцна. 

-  Ирс,ахь х1ун  до? Стенга доьду?

-Беркат долчу доьзале!

-Барт ,ахьа  х1ун  до? Стенга  боьду?

_Ирс хиллачу доьзале.

-Беркат,  алахь стенга доьду?

-Барт  хиллачу доьзале!

-Тхо кхоъ цхьаний  бен  мегаш дац

- Цхьаъ делча,  тхо кхоь  а  ле….  

                                                        (А.Сулейманов)

-Кху  байта  юкъара предложенеш  тайп – тайпанчу интонацица еша езаш  ю.   -Цунах  лаьцна  дуьйцур  ду  вай ,кхета  а  хьовсур  ду.

-Уггар хьалха    дагадаийта,стенах олу предложени.

-Кхочушхилла яьлла ойла гойтучу декъах  предложени  олу.

оьрсийн маттахь:

предложение– это сочетание двух и более слов, связанных между собой по смыслу и грамматически и представляют собой законченную мысль.

-Предложенеш, д1ааларан эшаре хьаьжжина дийцаран, хаттаран, айдаран, т1едожоран хуьлу.

Шегахь дийцар долчух дийцаран предложени   олу.

Дийцаран предложени  парг1атчу   эшарца олу, цуьнан чаккхенга  т1адам буьллу.Масала:

Къаьсттина мехала ду суна  зуда – ламанхо курра  корта  айина гар.

 Д1айолаелира  ц1ерпошт.

Дешархойн бригадо хьийкъина хасстоьмаш  кхиийна.

-Х1ара  предложенеш  парг1атчу  эшарца (интонацица) олу  ,цундела чакккхенгахь  т1адам   буьллу.

-Шегахь хаттар долчух  хаттаран  предложени   олу.

-Хаттаран  предложении  хаттаран эшарца олу  ,  цуьнан  чаккхенга хаттаран  хьаьрк дуьллу.

-Хаттаран предложенехь хаттар  билгалдеш  долу  коьрта  дош  ч1ог1о  олу,  иза  маь1нин  тохарца билгалдоккху. Масала:

Роза,  ахь кехат яздиний?   

Хьусейн, жимма собар  дан  йиш юй хьан?

1-чу  предложенехь хаттар билгалдеш–яздиний боху дош  ду.

2-  чу предложенехь--  йиш юй боху дош    ду.

-Дукха хьолахь хаттаран предложенехь   хаттар билгалден дош хандош,  я  ц1ерметдош, я  куцдош  хуьлу.

Иза   мила  ву?     Шайхи,  хьо  маца  веана?     Хьо  вог1ий  соьца?

-Шегахь айдар   долчух  айдаран  предложени  олу. 

Айдаран предложени айдаран эшарца олу,  цуьнан  чаккхенга айдаран  хьаьрк дуьллу.

Айдаран  предложенеша  хазахетар, цецвалар, воккхавер, халахетар  гайта  тарло.

Мел  хаза ду   тахана  де!  

 Дала  эша ма дойла хьо,  беркат!

  Ма  хаза  ду  вайн  1алам.

-Т1едиллар, т1едожор, дехар гойтучу предложених  т1едожоран предложении олу. 

Т1едожоран  предложени    парг1атчу    эшарца алахь,   цуьнан чаккхенга   т1адам  буьллу,  нагахь иза  т1ечевхаш  ,мохь тоьхна  ,  ч1ог1ачу эшарца  алахь,  цуьнан  чаккхенга  айдаран хьаьрк дуьллу

Масала:  Бераш, занятешна цкъа  а  т1аьхьа  ма  диса.

Ц1ахь  бан белла болх кхочушбе.

Дешар  дика  1амаде.

(х1ара  предложенеш  т1едожоран ю,  парг1атчу  эшарца олу, цундела  т1адам  буьллу). Масала:

Чоь ма шелъе ,т1еч1аг1а не1!

Яхийтал кхузара хьайн алаша,  х1окху  сохьта!

(х1ара   предложенеш  т1ечевхаш  , мохь  тухуш , ч1ог1ачу  эшарца олу, цундела чаккхенгахь айдаран хьаьрк дуьллу)

-Х1инца  1амийнарг  т1еч1аг1дан  хьовсур  ду  вай.

Т1едиллар:  билгалдохур ду   х1окху предложенин тайпанаш:     

Слайд.

Пеша  к1ел  1аьржа  цициг  1уьллура. (дийцаран предложени  ю)

 Барт  цхьаъ  хуьлда  шун! (айдаран  предложени  ю)

Сискал ехьа вайна, нана. (т1едожоран  предложени ю)

Мохь стенна хьоькху ахь?  (хаттаран предложени  ю)

Ц1е  х1ун  ю  хьан? (хаттаран предложени  ю)

Тахана  вай  дийцира  дийцаран, айдаран, хаттаран, т1едожоран  предложенех  лаьцна .

Ц1ахь: даладе   дийцаран, айдаран, хаттаран, т1едожоран   предложенийн   масалш.

Кху  т1ехь  вайн  урок  чекхйолу.

1одика  йойла  шун,  марша  1ойла.

Карлайохур  ю  бакъонаш.

1.Муьлхачу  предложених  олу  дийцаран  предложени?

Шегахь   дийцар  долчух     дийцаран  предложени  олу.

2.Муьлхачу  предложених  олу  хаттаран  предложени?

Шегахь  хаттар  долчух    хаттаран  предложени  олу.

3.Муьлхачу  предложених  олу  айдаран  предложени?

Шегахь  айдар  долчух    айдаран  предложени    олу.

4.Муьлхачу  предложених  олу  т1едожоран  предложени?

Т1едиллар, т1едожор, дехар  гойтучу   предложених   т1едожоран  предложени  олу.

Рефлекси.

Урокан  мах  хадор.

 Хьовсал кху «пушистикашка». Кхеран тайп – тайпана  яххьаш ю . 

Айхьа  урокехь  бинчу  балхана  резахилар (я цахилар) гайта кху т1ерачу  суьртаца.(пушистикаца)