Урок №44 Мукъа аз а, элп а Яя довзийтар, яздар

Де дика хуьлда шун, хьоме дешархой.

ДIаяханчу урокашкахь вай дуккха а элпаш а, аьзнаш а Iамийна.

Тахана вай кхин а тIедузур ду вешан хаарш.

ХIун ю ала?

Слайд: (суьрташ гойту)

- Чохь чорпа а, кхийолу юург еш йолу пхьегIа?

-Яй

- Шена чохь жижиг а, картол а кхорзуш йолу, беха тIам болу пхьегIа? -

ЯлгIу.

- Лекха ирхъяхна, хьалаевлла бецаш? -

Яраш.

 

- Муьлха аз хеза вайна массо а дашехь цхьатера? 

 Вайна хеза аз [ я].

- Тахана вай Iамор ду мукъа аз, элп Яя.  

-Ала массара Яя. Муха алало и аз?

Яя аз паргIат алало, цхьа новкъарло а йоцуш.

- Цхьа новкъарло а йоцуш, хецна алалучу озах мукъа аз олу.

- ХIинца хьовсур ду вай оцу элпашка.

 

Слайд: (зорбанан элпаш гайта)

Я-хIара зорбанан доккха Я ду;

я - хIара зорбанан жима элп я ду.

- ХIинца и я юкъахь долу дешнаш дIа а дешна, уьш дешдакъошка доькъур ду вай.

Яй, ял-гIу, ял-та, я-раш.

Стенах тера ду элп Я?

Стоьла тIехь Iохку дуккха Iежаш.

Тидам бича гира суна.

Iежана ахь ши ког бахь.

Элп Я хир ду цунах а!

 

(сурт гойту Iежан)

- ХIинца вай и элп йозанехь яздан хьовсур ду.

Йозанан элпаш гайтар:

Я - хIара йозанан доккха элп Я ду;

я-хIара могIанан элпя ду.

МогIанан элп яздаран кеп гайтар.

 

Слайд: (анимацица гайта элп муха яздо)

МогIанан элп я яздо йозанан белхан могIан чохь.

----------ТIадам буьллу белхан могIанан лахарчу сизана тIехула. Цу тIера жимма аьтту агIор кожал а хьовзош, хьалахьокху и сиз могIанан лакхарчу сизана тIе, цул тIаьхьа аьрру агIор хьовзош, лакхарчу сизах хьакхадолуьйтуш, дехуо горга сиз охьадохьу белхан могIанна юккъе кхаччалц. Цул тIаьхьа, аьтту агIор хьовзош, хьалахьаькхначу сизана тIе кхачадо.

Цкъа хьалха хIаваэхь яздийр ду вай могIанан элп я.

(ХIинца слайдана тIаьххье хIаваэхь язде я. )

Слайд (анимации)

 

ХIинца схеме а хьовсуш тетрадаш тIе яздийр ду вай могIанан элп я

Маца яздо вай доккха элп Я?

Предложени йолош а, долахь цIерашкахь а.

(гойту доккха йозанан элп Я) 

Хьовсал, бераш, хIун башхалла ю хIокху шина элпана юкъахь?

- И ши элп вовшех къаьста барамца: доккха , жима  хиларца.

ХIинца вай яздийр ду доккха элп Я.

Кепе а хьовсуш вай яздийр ду доккха йозанан элп Я.

Слайд: (анимации гойту) ------

Кепе а хьовсуш, хIаваэхь яздийр ду вай доккха элп Я.

 

слайд: 

Дешнаш тIехь болх бар.

Яй, ялгIу, ялта, яраш.

Дешдакъошка декъий вай уьш.

Яй, ял-гIу, ял-та, я-раш.  

Меллаша олу вай хьалхара дешдакъа.

 Йай, йалгIу, йалта, йараш.

Я-­­элпо ши аз билгалдо       (ЙА)

Иза кхаа озах лаьтташ ду.

Я элпо[йа]-ши аз ло, амма йозанехь вай иза цхьана элпаца билгалдоккху.

 

Слайд: 

-Муьлха дешнаш яздина даккхийчу элпашца?

(Даккхийчу элпашца вай яздина адамийн цIераш билгалъеш долу дешнаш.)

Иштта керла могIа болош доккхачу элпаца яздо.

-Маса дешдакъа ду хьалхарчу дашехь? ХIунда?

 

- Яй дашехь цхьа дешдакъа ду, хIунда аьлча цхьа мукъа аз [я] бен дац цу дашехь.

- Маса элп ду яй бохучу дашехь?

яй дашехь ши элп ду, хьалхара элп я, шолгIа элп й.

- Маса аз ду хьовсий вай яй бохучу дашехь?

Яй боху дош кхаа озах лаьтта: я-элп шина азах лаьтта [йа][й].

 

- ДIаязде дешнаш я элпана буха сиз хьакха.

 

Слайд:

 

ХIун го вайна суьрта тIехь? (кIа, комбайн, белхало)  

Ялта боху дош юкъахь долуш ялор ю вай предложени.

Слайд:

Ялта бIаьста дIадоь.

-----

Маса дашах лаьтташ вайн предложени?

(Предложени кхаа дашах лаьтташ ю)

Слайд:

Хьалхара дош ялта ду;

ШолгIа дош бIаьста ду;

КхоалгIа дош дIадоь ду.

ДIаязъе предложени, я элп юкъахь долчу дашна буха сиз хьакха.

Бераш, тахана вайна девзира мукъа аз а, элп а Яя.

Иштта Iемира элп я яздан а, иза юкъахь долуш дешнаш а, предложенеш а язъян а.  

Таханлера урок цу тIехь ерзор ю вай.

Iодика йойла шун!