Урок №10 Мукъаза аз а, элп а Рр довзийтар, яздар

- Де дика хуьлда шун, хьоме дешархой!

- Кийча дуй шу цадевзарг довза, цахуург Iамо?

- Шу кечам бина девллехь, вай дIайолор ю рогIера нохчийн меттан урок.

(Ловзар "Ца хуург довза")

- Бераш, вай тахана ловзур ду "Ца хуург довза" бохучу ловзарх.

- Кехат тIехь йоза яздо гIирс?

ручка

 

- ТIехь кIохцалш долу хаза зезаг?

                                        роза

- ТIурнене хьалайоьдуш ерг хIун ю?

             ракета

- Вайна тахана девзар ду мукъаза зевне аз [р], элп Рр. Вайна Iемар ду [р] юкъахь дешдакъош, дешнаш, предложенешеш еша а, яздан а.

- ХIинца зорбанан элпаш девзар ду вайна:

Слайд:

Р - хIара зорбанан доккха элп ду;

р - хIара зорбанан жима элп ду.

Аз [р] олуш, мотт лекхарчу стигалах Iоттало. Багахула арадолучу хIаваана новкъарло хуьлу. Нагахь санна багахула арадолучу хIаваана новкъарло хилахь - иза мукъаза ду.

- ХIинца р элпаца дешдакъош доьшур ду вай:

Слайд:

ра

ро

ру

ри

ар

ор

ур

ир

- Ткъа хIинца, дешнаш доьшур ду вай:

Слайд:

урам

Ру-ми-са

Ма-сар

Су-ли-ма

орам

Ир-са

Ру-ми

Му-са

мор

Ми-сар

Са-ла-му

Ис-лам

-Предложени еша хьовсу вай:  

Сдайд:

Му-са а-ла Су-ли-ма.

- ХIара предложени кхаа дашах лаьтта:

1-ра дош: Му-са;

2-гIа дош: а-ла;

3-гIа дош: Су-ли-ма.

Слайд: (Йозанан элпаш гайтар)

- Тахана вай Iамош долу аз [р] билгалдо хIокху элпашца.

р-хIара могIанан элпр р ду,

Р-хIара йозанан доккха элп Р ду.

 

МогIанан жима элп р яздар.

ТIадам буьллу, белхан лакхарчу могIанна тIе, охьавоьду лахарчу белхан могIанна тIехволий. Хьалавоьду белхан лакхарчу могIанна тIекхаччалц, юха хьаьвзаш охьавогIу лахарчу белхан могIанна тIекхаччалц. Цул тIаьхьа хьаьвзаш хьалавоьду белхан могIанна юккъе кхаччалц.

 

р   р   р   р   р   р   р   р

 

МогIанан доккха элп Р яздар.

- ТIадам буьллу, белхан гIонна беллачу могIанна юккъе, охьавогIу белхан лахарчу могIанна тIекхаччалц. Цул тIаьхьа аьрру агIор хьалахьовзу белхан могIанна юккъе кхачале саца а соцуш. Язъйинчу элпан меженна тIехула аьрру агIор хьовзош долийна сиз аьтту агIор чекхдоккху.

 

Р  Р  Р  Р  Р  Р  Р  Р

Схьаязде дешдакъош:

 

Слайд:

ра   ро  ру  ри

ар  ор  ур   ир

-Вай Iамийнарг тIечIагIдеш цхьа тIедиллар кхочушдан хьовсур ду вай:

Схьаязде элп р юкъахь долу дешнаш.

Слайд:

Ру-ми-са ла-ми орам лор Му-са Ир-са са-ра ил-ли Ро-ма

Слайд: (нийса иштта хир ду)

Ру-ми-са о-рам лор Ир-са са-ра Ро-ма

- Вай яздинчу дешнашкахь дешнаш Румиса Ир-са Ро-ма хIунда яздина доккхачу элпаца?

Уьш доккхачу элпаца яздина адамийн цIераш йолу дела.

- Вай тахана дийцира р элпах лаьцна.

Кху тIехь вайн таханлера урок чекхйолу.

Iодика йойла шун,

Марша Iойла!