Урок №41 Гергара дешнаш. Орам

Параграфы

Eще уроки в данной главе

Вайн урокан тема ю: Орам а, гергара  дешнаш а.
Тахана шуна хуур ду, стенах олу дешан орам а, гергара дешнаш а, муха лаха деза цхьанаорамерчу дешнийн  юкъара дакъа а.
Цхьана дашах схьадевллачу дешнех гергара дешнаш олу.
Масала: 
Хьехам, хьехар, хьехархо
Х1ара дешнаш "Хьеха" бохучу дашах схьадевлла  ду. 
Х1ора  а дешан шен лексически маь1на ду: хьехам - иза бусалба динехь стаг кхетош ден къамел ду, хьехар - иза стаг 1амор, кхетор бохург ду, хьехархо - хьоьхуш верг ву.
Хьеха, хьехам, хьехар, хьехархо - гергара дешнаш ду. 
Гергарчу дешнех къасто хаа деза  цхьана дешан кепаш.  Хуьйцур вай хьехам боху дош дош дожаршца:
Ц1. хьехам
Дл. хьехаман
Л. хьехамна
Др. хьехамо
К. хьехамца
Х. хьехамах
М. хьехаме
Дс. хьехамал 
Дош дожаршца хийцадаларх, цуьнан  лексически маь1на ца хийцало. Шуна ма-гарра, хийцаелларш чаккхенаш бен яц. Дешнийн маь1на хийцалуш ца хилча, царех  гергара дешнаш ца хуьлу.
Х1инца шина б1омаг1алгара дешнаш дустур ду вай:    
илли   иллина             
илланча      иллих      
иллиалархо  иллица          
Хьалхарчу б1ог1амалгер дешнаш гергара ду, ткъа шолг1ачу б1ог1амалгехь дерш цхьана дешан кепаш ю.
Ткъа  х1инца гергарчу дешнийн юкъара дакъа билгалдоккхур ду вай.        
Илли, илланча, иллиалархо - х1окху дешнийн юкъара дакъа - илл- ду. 
Яздан, яздар, яздархо, яздинарг - кхузахь дешнийн юкъара дакъа - язд - ду   
Гергарчу дешнийн юкъарчу декъах  орам олу.
Ткъа х1инца йийцинчу бакъонех шу муха кхетта хьовсуш, болх бийр бу вай. 
Дешнаш шина б1ог1амалге д1асадекъа: цхьана б1ог1амалге - цхьана дешан кепаш, вукху б1ог1амалге - гергара дешнаш.

Туьйра, юрт, леха,  дош, туьйранна, лехам, даше, дешан, юьртахо,  туьйране,  юьртара, лехар

Нийса жоп:
Дешнийн кепаш    Гергара дешнаш
туьйра                      юрт
туьйранна                 юьртахо
туьйране;                  юьртара;
дош                           леха
дешан                       лехам
даше                         лехар
Кхид1а иштта болх бан хьовса деза шу: гергара дешнаш схьа а лохуш, уьш мог1анашка д1аязде, т1аккха церан орамаш билгалдаха деза аш.  
цатешам        
д1адешар        
куьйгалла        
хьехамча            
куьг
тешнабехк
хьехар
дешархо
хьехархо
куьйгалхо
дешар
тешаме 
Х1инца хьовса и болх шаьш нийса биний:
Цатешам, тешнабехк, тешаме;
дешар, дешархо, д1адешар;
куьйгалла, куьг, куьйгалхо;
хьехамча, хьехар, хьехархо.              
Вайна х1окху урокехь хиира, муьлхачу дешнех олу гергара дешнаш а, дешан орам х1ун ю а. Т1ейог1учу урокехь вай дуьйцур ду дешхьалхенах лаьцна, иштта схьадовлаза а, схьадевлла а дешнаш муьлхачарех олу  а.
Кху т1ехь вайн урок чекхйолу.

 

Урок кечйинарш:

Эльбиева Луиза  Сайд-Алиевна

Юсаева Зарина Имрановна