Урок №42 Куцдешнийн нийсаяздар

Вайн урокан тема ю «Куцдешнийн нийсаяздар, церан морфологически таллар».

Х1окху текста юкъара куцдешнаш билгалдохуш, уьш муьлхачу къамелан дакъойх кхолладелла д1а а яздеш, болх бийр бу вай.

Дешархоша дика 1алашйора шайн школан беш.

Цара кест-кеста хи тухура, асар дора, гонаш охкура диттийн, цундела церан бешахь стоьмаш хьийкъина.

Гурахь кхин а синтарш дуг1ур ду цара.

Х1инца уьш кечбелла стоьмаш чуберзо.

Къаьсттина дика хьийкъина кемсаш.

дика- куцдош-кхолладелла билгалдашах

кест-кеста-куцдош

бешахь-ц1ердашах кхолладелла куцдош

гурахь- куцдош ,кхолладелла ц1ердашах

х1инца-куцдош

къаьсттина- куцдош,  кхолладелла  хандашах

Хьовсур ду вай церан нийсаяздаран бакъонаш цхьатера юй.

Кест-кеста боху дош дефисца яздина, х1унда аьлча иза дош карладоккхуш кхолладелла чолхе куцдош ду.

Х1инца кхин д1а а куцдешнийн нийсаяздаран  бакъоне хьовсур ду вай.

1. Дацаран дакъалг ца масдарх кхолладеллачу куцдешнашца цхьаьна язйо:

Иштта хир ду цамоттарна  веара со г1ала.

2. Дош карладоккхуш  кхолладелла  чолхе  куцдешнаш дефисца яздо: тайп-тайпана, сих-сиха.

3. Аз тардаран айдардашах  хилла дош карладоккхуш  кхолладелла  мухаллин куцдош дефисца яздо: дап-диппехь, лап-липпехь.

4. Цхьа- боху дош т1екхетарца кхолладелла чолхе куцдош хоьттина (цхьаьна) яздо: цхьажимма, цхьак1еззиг.

5. Аьлла боху дош т1екхетарца кхолладелла чолхе куцдешнаш дефисца яздо: тап-аьлла, парт-аьлла.

6. (Маца?) кхушара, шехеннахь, (х1унда?) цундела боху чолхе куцдешнаш цхьаьна яздо.

Х1инца вай шун хаарш т1еч1аг1деш болх бийр бу. Къовларш д1а а йостуш, куцдешнаш бакъонца нийса д1аяздан хьовса.

Мич (мичча), х1уп (аьлла), цхьа (босса), ца (лаарна),ше (хеннахь), т1ех (дика),        цкъа (цкъа), г1ап (г1иппехь),сов (хаза), ца (моьтташехь), цхьа (наггахь).

Т1едиллар нийса кхочушдинехь иштта хила деза

Мич-мичча, х1уп-аьлла, цхьабосса, цалаарна, шехеннахь, т1ех дика, цкъацкъа, г1ап-г1иппехь, сов хаза, ца моьтташехь, цхьанаггахь.

Кхоллараллин болх.

Шаьш дага а лоцуш, дефисца яздеш долу чолхе куцдешнаш даладе.

Уьш хила тарло иштта:

Дуьхь-дуьхьал, хаз-хаза, юх-юха, т1оф-аьлла, лап-аьлла,мич-миччанхьа, х1айт-аьлла, к1ез-к1езиг, кест-кеста, наг-наггахь.

Х1инца, куцдешнашна морфологически къастам беш, болх бийр бу вай.

Массо а йиш бохург санна, хаза лекхира артиста.

1. Хаза-мухаллин куцдош (лекхира муха?)

2. Кхолладелла хаза бохучу билгалдашах.

3. Куцдешан юьхьанцара дарж.

4. Даран суьртан латтам.

Х1окху деношкахь кхечира соьга кехат.

1.Деношкахь-хенан куцдош (кхечира маца? деношкахь)

2. Кхолладелла- де -бохучу ц1ердашах.

3. Даржашца хийца ца ло.

4. Хенан латтам.

Х1окху урокехь вайна хии куцдешан нийсаяздарх лаьцна, цул сов, куцдешан морфологически талларан кеп а евзи.

Шайн хаарш т1еч1аг1деш, шайна хазахеташ йолчу исбаьхьаллин произведени т1ера, куцдешнаш юкъахь а долуш, йиъ предложени д1аязъе ц1ахь. Х1ора предложенера цхьацца куцдош морфологически талла.

Таханлера урок цу т1ехь ерзор ю. Т1ейог1учу урокашкахь шун кхиамаш совбохуш, болх бийр бу вай.

Пайдаэцна литература:

1. В.А. Янгульбаев, Ж.М. Махмаев «Нохчийн мотт-7 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство» 2011 шо.

2. В.А. Янгульбаев, С.В. Янгульбаева «7-чу классехь нохчийн мотт хьехар» 2003 шо.

3. С.Э. Эдилов «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.