Урок №26 Причасти кхоллаялар

Рог1ерчу урокехь вай дуьйцур ду причастин кхоллаяларх лаьцна,довзуьйтур ду цуьнан кхоллаяларан некъаш .

Причастех долчу хаарша г1о дийр ду вайна кхин д1а а цуьнан билгалонаш йовза.

Цхьа кица ду: «Б1аьргана гинарг тешаме ду,лергана хезначул» бохуш.

Цу т1е а доьг1на, гинарг а, хезнарг   тидаме а оьцуш, вай  х1инца хьовсур ду причастин кхоллаяларан некъашка, иштта урокан 1алашоне кхача  а хьовсур ду –кх вай.

Карарчу хенан причасти карарчу хенан хандашах кхоллало.

Масала: шовда молу –молу  шовда

Шовда молу-карарчу хенахь лаьтта хандош ду,

молу шовда-карарчу хенахь лаьтта  причасти ю. (молу- боху хандош ц1ардашна хьалха даьккхича цунах причасти хуьлу)

Карарчу хенан причастина т1е –долу болу,волу,йолу  боху г1оьналлин  хандешнаш кхетарца йог1учу  хенан причасти кхоллало :

Масала:

вог1у хьаша-вог1у волу хьаша,

дог1у ло-дог1у долу ло,

йог1у йо1 –йог1у йолу йо1

Яханчу хенан причасти кхоллало яханчу хенан хандашах.

Масала:   адамаш даьхкина --даьхкина адамаш,

адамаш даьхкина –яханчу хенахь лаьтта хандош ду,

даьхкина адамаш-яханчу хенахь лаьтта причасти ю.

Билгалдаккхар: йог1учу хенан причасти кхоллалуш цкъацкъа  карарчу хенан причастин орамера аз хийцало.

Масала:

олу дош-аьн долу дош,

болу кхаж –баьн болу кхаж.

Причастех долу хаарш т1еч1аг1деш болх д1ахьур бу вай,далийнчу кицанашкахь йолу причастеш билгал а йохуш.

Хиларо велийнарг-дацаро велхийна.

Ц1еххьана лекхаваьллачунна б1агор бог1у.

Д1адийнарг т1едалаза дуьсур дац.

Хийистехь вехачунна хин гечо девза.

Наха диначул эвхьаза ду шен куьйга динарг

Билгалдаьхна причастеш  лааме ду.

Цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай: х1окху причастих яханчу а, йог1у  йолчу а хенийн причастеш еш.

Кеп: дохден хи-дохдина хи- дохден долу хи

мажлу зезаг,хеза мохь,хьоьгу къа,шеллу буьйса,йицлу зама.

Т1едиллар нийса иштта хир ду:

мажлу  зезаг-мажделла зезаг-мажлун долу зезаг,

хеза мохь –хезна мохь-хеза болу  мохь,

хьоьгу къа- хьегна къа –хьоьгу долу къа,

шеллу буьйса –шелъелла буьйса- шеллун йолу буьйса,

йицлу зама- йицъелла зама-йицлун  йолу зама.

Цхьана дешдекъах лаьтташ долу  хандешнаш а,царах кхоллаелла причастеш а карарчу хенахь шайн форманашца къаьсташ хуьлу .

Масала:

Бахархоша б1аьста дукха г1уллакхаш до.

Бахархоша б1аьста ден г1уллакхаш дукха хуьлу.

Хьалхарчу предложенехь- г1уллакхаш до -   предложенин грамматически бух бу .

Шолг1ачу предложенехь ден г1уллакхаш – лаамаза причасти ю.

Тахана вайна девзи причастин кхоллаяларан некъаш , церан хенашца

хийцаялар, цу кеппара цунах долу хаарш т1е а ч1аг1ди,йог1учу хенан причасти кхоллалуш цкъацкъа  карарчу хенан причастин орамера аз хийцадалар а девзи вайна.