Урок №22 Хандош морфологически къастор

Хандош морфологически къастор. Муьлха грамматически билгалонаш ю хандешан.

Морфологи – иза къамелан дакъош, церан грамматически билгалонаш 1амош долу меттан 1илманан дакъа ду.

Ц1ердош, билгалдош, ц1ерметдош 1амийна девлча, шуна евзина церан  морфологически къасторан кеп.

Муьлхха а къамелан дакъа морфологически къастош, билгалъяха еза цуьнан коьрта морфологически билгалонаш. Цундела вай карладохур ду хандашах долу хаарш.

Б1аьстенан 1аламо хаздо шу, ламанаш,

Гуьйренан салоно токхдо шу, ламанаш,

Мокхазах суй санна, шух ваьлла волчунна

Там хилла, маьлхан де го суна ва тахна.

(1.Мамакаев)

Схьалохур вай хандешнаш:

Хаздо, токхдо, го – уьш хандешнаш ду. хилла – г1оьналлин хандош ду.

цара жоп ло х1ун до? бохучу хаттаршна - хаздо, токхдо, х1ун хуьлу? - го

уьш карарчу хенахь ду

церан юьхьанцара (билгалза) кеп иштта  хир ю (хаздан, токхдан, ган)

классан гайтам  а бу хандешан (хазДо, токхДо)

хандешнаш нийса йоцчу спряженина чу дог1у.

Цхьана дешдекъах лаьтташ долу а, церан г1оьнца кхолладелла долу а чолхе хандешнаш нийса йоцчу спряжени чу дог1у.

Вай карлаехи хандешан морфологически билгалонаш.

Х1инца хандешан морфологически къасторан кеп муха ю хьовсий вай.

1) юьхьанцара (билгалза) кеп

2) хаттар

3) хан

4) саттам

5) терахь

6) кеп (цхьаллин я дукхазаллин)

7) классан гайтам (белахь)

8) спряжени

9) муха кхолладелла.

10) предложенин муьлха меже ю.

Ткъа х1инца, оцу кепах пайда а оьцуш, вай 1амор ду хандешнаш морфологически талла.

Нехан динара хотталахь вуссу.

1. вуссу – иза хандош ду.

2. юьхьанцара кеп – восса.

3. х1ун до? – бохучу хаттарна жоп ло.

4. карара хан.

5 .билгала саттам.

6. цхьаллин терахь (дукх.тер. - буьссу)

7. цхьаллин кеп.

8. классан гайтам – «в» (йо1 юссу)

9. 4-г1а спряжени.

10. Билгалзачу кепан лардах кхолладелла.

11. Предложенин меже – сказуеми.

1амийнарг т1еч1аг1деш, х1окху кицанашкарчу хандешнийн морфологически къастам бийр бу вай.

Тидам т1ебахийта беза вай ялийначу кепехь йолу ерриге билгалонаш массо а хандешнийн цахиларна..

Цундела, йоцурш юкъахь а юьтуш, хандешнаш морфологически къастор ду вай.

Мегаш волчу стеган мах лакхара хадийна.

Дика дош саг1а лерина, вон дош къа лерина.

Т1едиллар нийса иштта хир ду:

  1. хадийна – хандош                             
  2. юьхьаьнцара кеп –хадон                                           
  3. хаттар –х1ун дина?                          
  4. яхана хан                                             
  5. билгала саттам                                 
  6. цхьаллин терахь                             
  7. цхьаллин кеп                                  
  8. нийса йоцу спряжени                   
  9. сказуеми                                         

 

  1. лерина  - хандош                            
  2. лара
  3. х1ун дина?
  4. яхана хан
  5. билгала саттам
  6. цхьаллин терахь
  7. цхьаллин кеп
  8. I-ра спряжени
  9. сказуеми

Ц1ахь бан иштта болх ло шуна:

Лахахь  ялийнчу стихотворени  юкъара хандешнашна морфологически таллам бе.

Сардам кхуллу наха атта,

Къинош доьху ца к1ордош.

Варий, ларло вочу маттах,

Стаг вен тоьу цхьа вон дош.

(1алвади Шайхиев)

 

Пайдаэцна литература:

1. В.А. Янгульбаев, Ж.М. Махмаев «Нохчийн мотт – 7 класс». Грозный «Книжное издательство» 2011 шо.

2. Эсхаджиев Я.У. «Юккъерчу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный. Издательство «Арфа-Пресс» 2012 шо.

3. Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика»

4. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала, 2005 шо.

5. Мамакаев 1.Ш. «Садаьржаш». Грозный Чечено-Ингушское книжное издательство - 1988 шо.

6.            Ю.Айдаев, Х-М. Цугаев «Хьекъале дош» Чечено-Ингушское книжное издательство, 1976 шо.