Урок №17 Хандешнийн кхолладалар

Х1окху урокехь шуна девзар ду хандешнийн кхолладалар, хандешнийн кхолладаларан кепаш а.

Х1окху кепа т1е а хьовсуш, дуьйцур ду вай хандешнийн кхолладаларх лаьцна.

Хандешан кхолладаларан масех некъ бу:

Кхечу къамелан дакъошна т1е г1оьналлин хандош дан кхетарца.Иза классашца а,хенашца а хийцадала тарло.

Классашца а, хенашца а хийцалучу дала, делла г1оьналлин хандешнаша чолхе хандешнаш кхуллу

Хандешан билгалзачу кепа т1е йита, вита, бита, дита кхетарца а кхоллало

Керла маь1на кхуллу дешхьалхено:

хаза – хаздан

йоза – яздан

йовха – йохъян,

вохван, дохдина

коча – качъян,              качйина, качйора

к1адвелла

ч1аг1делла

сацавелла

къарвелла

сихвелла

тилвелла

деша йита-дешийта ваха вита-вахийта эца вита-эцийта

д1аэлира   схьахьажа    охьавада    схьалаца        т1еваха       схьаверза      хьалауьду

Х1инца вай 1амийнарг т1еч1аг1деш д1аязйийр ю предложенеш. Хандешнийн кхоллада­ларан некъаш дуьйцур ду:

1) Боккха кхаъ хилла д1авахара ши к1ант.   

2) Хьомечу Даймехкан лаьмнашкахь дукха хан ялале тоелира могашалла а.

3)Тохара санна т1ахъаьлла жима стаг хилла д1ах1оьттира Берд.

4) Хехочунна учара схьахезира Чукан ч1ог1а аз

д1авахара (д1а-бохучу дешхьалхенан г1оьнца кхолладелла)

тоелира -  (кхолладелла классаца хийцалун г1оьналлин хандош т1екхетарца  масала: тоделла - товелла –тоелла,тоелира –товелира-тоделира)

 д1ах1оьттира-(д1а-бохучу дешхьалхенан г1оьнца)

 схьахезира -    (схьа-бохучу дешхьалхенан г1оьнца)

Х1окху урокехь хандешнийн кхолладаларан некъаш довзийти вай .

1амийнарг т1еч1аг1деш ц1ахь кхочушде цхьа т1едиллар:

Лахахь далийначу билгалдешнех хандешнаш кхолла. Т1аккха царех пхиъ юкъа а далош , предложенеш х1иттае. Д1аязъе уьш.

Ц1ена, довха, боца, лоха, к1айн, 1аьржа, шийла.

Кеп: хаза – хаздо. Б1аьстено дуьне – 1алам хаздо.

Урок ерзор вай Тимергереев Асланбекан дешнашца :

Дашочу дайн г1иллакхех бух а боьттина,

Шар1ан нийсанах оганаш х1иттийна,

1илманан серлонах тхов а тиллина,

Ч1ог1ачу бартах чуьра бахам гулбина,

Тешамечу машарах гонах зил а тоьхна

Шу г1оза дехийла, сан хьомсара нохчи!

Хьо маьрша ехийла, сан Нохчийчоь!