Урок №15 Хандешан нийса йоцу спряжени

Урокан 1алашо: хандешан нийса йоцу спряжени а,цуьнан билгалонаш а йовзийтар.

Х1инца вай карлайохур ю хандешан спряженеш.

Стенах олу вай спряжени?

Оьрсийн меттан урокехь а 1амийна вай  спряженеш. Маса спряжени ю оьрсийн маттахь а , нохчийн маттахь а?

Оьрсийн маттахь 2 спряжени ю.

Нохчийн маттахь 5 спряжени ю.

Цунах го вайна вайн мотт хьалдолуш хилар.

Нохчийн меттан 5 спряжени ю. Уьш вайна ца хиъча хало  хир ду. Хандешан нийса йоцу спряжени вайна хаар боккха чулацам болуш ду. Кхийолу спряженеш хиъча а, х1ара спряжени ца хаахь, нийса  морфологически а, грамматически а къастамаш бан хала хир ду. Цхьана дешдекъах лаьтташ долу а, церан г1оьнца кхолладелла а чолхе хандешнаш девзаш хилча,уьш атта къасталур ду предложенехь кхечу къамелан декъех, ткъа нийса д1а а язлур ду.

Х1инца вай нийса йоцу спряжени 1амор ю.

Муьлха хандешнаш дог1у нийса йоцчу спряженина чу?

Цунна чудог1у цхьана дешдекъах лаьтташ долу а, церан г1оьнца кхолладелла чолхе хандешнаш а.

Масала: ян-йов,тен-тоь,зен-зоь, вохван-вохво,кечдан-кечдо, тан-тов, лан-лов, яздан-яздо.

Кхин д1а иштта болх бийр бу вай. Хандешан билгалза кепаш, карарчу  хене а ерзош, къовларшна юкъахь спряженеш а гойтуш.

Хьеха-… ;

дуста- …;

дийца- …;

хила…;

зен- …;

юста- …;

хьажа- …;

лара-…;

ян-…;

тоха-… .

Нийса жоп иштта хир ду

Хьеха-хьоьху (ll),

дуста-дусту (v),

дийца-дуьйцу (lll),

хила-хуьлу (lll),

зен-зоь (нийса йоцу спр.),

юста-юсту (v),

хьажа-хьожу (l),

лара-лору (l),

ян-йов (нийса йоцу спр.),

тоха-туху (lv).

Тахана урокехь 1амийна коьчал т1еч1аг1ъеш, вай кхочушдийр ду т1едиллар. Шун тидаме юьллу Шайхиев 1.Х. стихотворени «Безаман декхар»

Х1окху стихотворени юккъера схьалаха  нийса йоцчу спряженина чудог1у хандешнаш.

Циггахь зуьйр ду хьуьнарш цара,

1амош т1еман говзалла.

Вехна воцу мостаг1 ваг1ахь,

Кийчча хила тохар дан.

Кху дуьнен т1е, нагахь ваг1ахь

Къонахчун хьо лело ц1е,

Къонах хилий д1ачекхвала,

Къонах санна лан а ле!

Къа ца хеташ дийр ду та1зар!

Виэн кхиэл йийр ю эццигахь,

Нагахь санна доккха бахьна

Т1аьхьависа ца хиллехь!...

Нийса йоцчу спряженина чудог1у хандешнаш х1орш ду:

Дан ,лан, виэн.

Ц1ахь х1оттае 5 предложени нийса йоцчу спряженина чудог1у хандешнаш  юкъахь а долуш.

Пайдаэцна литература:

1) Джамалханов З.Д.

Чинхоева Т.Н. Правила правописания  на чеченском языке. Учебник 10-11 классов.Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2007.

2) Чеченская литература. Учебник-хрестоматия для 8 класса-С.Х.Хамирзоев, Х.А.Аболханов./Грозный : ФГУП «Издательство-полиграфический комплекс «Грозненский рабочий»,2013.

3) Чеченский язык. 7 класс. Учебник/ В.А.Янгульбаев, Ж.М. Махмаев.- М.:ООО «Русское слово»,2014

 

Тест:

Хандешан нийса йоцу спряжени къастае.

а) еша-йоьшу, хеца-хоьцу;

б) яхдан-яздо, ван-вог1у;

в) лийча-луьйчу, дита-дуьту.

 

Хандешан нийса йоцу спряжени къастае.

а) еша-йоьшу,хеца-хоьцу;

б) яхдан-яздо,ван-вог1у;(яхдан-яздо,ван-вог1у)

в) лийча-луьйчу,дита-дуьту

 

Нийса йоцу спряжени юкъахь йолу предложенеш билгалъяха:

а) Вайн къоман г1иллакхийн хьокъехь дукха хоьттура цо соьга.

б) Вай завод йина девлча кхузахь 1ен ойла ю хьан я яц? 

в)Г1ишлош ян къастийначу майданахь латта ахка долийнера.

 

Г1алат караде:

а) Х1ун дин? Хийца

б) Х1ун хилла? 1аржъели.

в) Х1ун хили? 1аржъели.

Г1алат караде:

а) Х1ун дин? Хийца (хийци)

б) Х1ун хилла? 1аржъели.

в) Х1ун хили? 1аржъели.

Муьлха хандешнаш нийса йоцчу спряженехь ду?

а) хеза,лаьтта,хьийза;

б) олуьйту,дуьйцуьйту,вигийта;

в) тоь,лоь,мацло,шелло.

Муьлха хандешнаш нийса йоцчу спряженехь ду?

а) хеза,лаьтта,хьийза;

б) олуьйту,дуьйцуьйту,вигийта;

в) тоь,лоь,мацло,шелло. (тоь,лоь,мацло,шелло)

Хандешан яханчу хенан кепаш ю:

а) 5

б) 6

в) 4

Хандешан яханчу хенан кепаш ю:

а) 5 (5)

б) 6

в) 4

Нийса доцург д1адаккха

    а) туху,узу,бузу;

    б) дуьту,уьду,дог1а;

    в) йоьшу,хьоьху,хоьцу.

Хандешан саттамаш бу:

    а) 3

    б) 6

    в) 4Хандешан саттамаш бу:

    а) 3

    б) 6

    в) 4 (4)

Билгалзачу кепан хандешнаш карарчу хене дерзо:

     а) хахка- …

     б) хьеха- …

     в) вада- …

Билгалзачу кепан хандешнаш карарчу хене дерзо:

а) хахка-… (хохку)

б) хьеха- … (хьоьху)

в) вада- … (воду)

Цхьаллин кепера хандешнаш дукхазаллин кепе даха:

а) 1овша- …

б) хьовза- …

в) 1отта- …

Цхьаллин кепера хандешнаш дукхазаллин кепе даха:

а) 1овша- … (1ийша)

б) хьовза- … (хьийза)

в) 1отта- … (1итта)

Хьалхарчу спряженина  чудог1у хандешнаш къастаде:

а) узу,туху,бузу;

б) лаьтта,хотту,девза;

в) юсту,тусу,дусту.

Хьалхарчу спряженина  чудог1у хандешнаш къастаде:

а) узу,туху,бузу;

б) лаьтта,хотту,девза; (лаьтта,хотту,девза)

в) юсту,тусу,дусту.