Урок №14 Хандешан пхоьалг1а спряжени

Мотт вайн ойланан а, кхетаман а, хьекъалан а, дахаран а уггаре а ца хилча йиш йоцу  г1ирс бу. Иза к1орггера дика 1амор вайн декхар ду. Шен махке болу безам шен матте бацахь маь1на долуш бац. Мотт вай 1ама а бо, дахаран т1аьххьара денош т1екхаччалц, саццаза 1амо декхар а ду.

Х1окху урокехь вай дуьйцур ду пхоьалг1ачу спряженех лаьцна.

Пхоьалг1ачу спряженина чудог1урш билгалзачу кепехь орамехь -у (ю)-долу хандешнаш ду.  Уьш карарчу хене дохуш и аз ца хийцало.

Масала:

Туса

Дула

Дуста                                   билгалзачу кепехь орамехь –У, -Ю ду.

Юста

Тусу

Дулу

Дусту                                   карарчу  хенахь  и аз ца хийцало.

Юсту

Туса-  тусу

Дула-дулу

Дуста- дусту

Юста- юсту

Тидаме эца деза ,оцу хандешнийн орамехь хийцам бацахь а чаккхенгара а--у—не доьрзуш хилар

Х1инца хаарш т1еч1аг1деш болх бийр бу вай.

Д1аяздийр ду вай билгалзачу кепехь долу хандешнаш, цул т1аьхьа карарчу хене а х1иттош спряженеш билгалъяха.

Туда, юза, худа, юца, юса, юла, дукъа, дуза, дуса, дуста, уг1а, духа.

Нийса кхочушдинехь, иштта хила деза.

Туда- туду (пхоьалг1а спряжени)

Юза- юзу (пхоьалг1а спряжени)

Худа- худу (пхоьалг1а спряжени)

Юца - юцу (пхоьалг1а спряжени)

Юса- юсу (пхоьалг1а спряжени)

Юла - юлу (пхоьалг1а спряжени)

Дукъа - дукъу (пхоьалг1а спряжени)

Дуза - дузу (пхоьалг1а спряжени)

Дуса - дусу (пхоьалг1а спряжени)

Дуста - дусту (пхоьалг1а спряжени)

Уг1а – уг1у (пхоьалг1а спряжени)

Духа - духу (пхоьалг1а спряжени)

Вай 1амийнарг т1еч1аг1деш, кхи цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай.

Д1аязйийр ю вай иштта предложенеш. Цу юкъарчу хандешнийн спряженеш билгалъяха.

Генахь йоцуш борз уьг1ира.

Нанас эсала хьосту шен бер.

Нийса кхочушдинехь, иштта хила деза.

Уг1а- уг1у (пхоьалг1а спряжени)

Хьаста-хьосту (1-ра спряжени)

Х1окху урокехь вай  шуьца 1амийра пхоьалг1ачу спряжени чудог1у хандешнаш.