Урок №31 Доладерзоран ц1ерметдешнаш

Х1окху урокехь вай кхин д1а а дуьйцур ду ц1ерметдешнех лаьцна.

Вайна девзар ду доладерзоран ц1ерметдешнаш. Оьрсийн маттахь «притяжательные» олу царах.

Доланиг дожарехь долу массо а тайпа ц1ерметдешнаш доладерзоран маь1нехь лела. Уьш лаамаза а, лааме а хуьлу.

Масала:

сан болх - сайниг,

хьан  йовлакх – хьайниг,

тхан юрт – тхайниг,

церан  бахам– цераниг,

шун г1иллакх – шуьниг

Лааме доладерзоран ц1ерметдешнаш кхоллало Доланиг дожарехь долчу ц1ерметдешнашна т1е цхьаллин терахьехь – иг(ниг), дукхаллин терахьехь – аш – суффиксаш кхетарца.

Масала:

сайниг – сайнаш

хьайниг – хьайнаш

цуьнниг – цуьннаш

кхуьнниг – кхуьннаш

кхераниг – кхеранаш

Доладерзоран ц1ерметдешнаш нохчийн маттахь яххьийн ц1ерметдешнех кхоллало, масала:

Со – сан къолам – сайниг

Хьо – хьан г1уллакх – хьайниг

Иза – цуьнан йиша – цуьнниг

Лаамаза доладерзоран ц1ерметдешнаш дожаршца ца хийцало, ткъа лааме ц1ерметдешнаш  дожаршца хийцало лааме билгалдешнаш санна масала:

Ц1. сан дахар,     тхайниг,            тхайнаш; 

Дл. сан дахаран, тхайчун,            тхайчеран; 

Л.   сан дахарна, тхайчунна,        тхайчарна;

Др. сан дахаро,   тхайчо,             тхайчара;

К.   сан дахарца, тхайчуьнца,      тхайчаьрца;

Х.  сан дахарх,   тхайчух,            тхайчарах;

М.  сан дахаре,   тхайчуьнга,     тхайчаьрга;

Дс. сан дахарал, тхайчул,           тхайчарал;

Т1едиллар №1.

Х1окху предложенешкахь доладерзоран ц1ерметдешнаш къастаде:

Сайниг санна ойла кхоллаелира церан а.

Шениг кхочушдан г1ертара Ахьмад.

Тхайниг а вара балха ваха везаш.

Нахаца йолу юкъаметтиг ч1ог1а дика ю цуьнан..

Т1едиллар №2.

Х1окху  кицанашна  юкъара ц1ерметдешнаш, церан тайпанаш билгалдаха.

Нехан махкахь эла хуьлучул, шен эвлахь лай хилар тоьла.

Хьан дош – дош дацахь, дуй – дуй бац.

Т1едиллар №3.

Х1инца х1окху лаамазчу  доладерзоран ц1ерметдешнех, 1амийнарг т1е а ч1аг1деш, лааменаш кхуллур ду вай

Вайн – 

шун –

тхан – 

хьан - 

церан –

Х1ара ц1ерметдешнаш дукхаллин терахье а даха. 

Тахана вайна девзи кхин цхьа ц1ерметдешнийн тайпа – доладерзоран.

Цхьа хаза дешнаш ду Бексултанов Мусан.

 «Матто кхуллу Даймохк» боху цо.

Цундела 1амо беза вай вешан нохчийн мотт, иза 1алашбан а, кхион а беза вай. Т1аккха вайн Даймохк хир бу даиман сийлахь а, маьрша а.

Цу т1ехь вайн урок чекхйолу. 1одика йойла шун,  марша 1ойла!

Пайдаэцна литератур: 
1. В.А. Янгульбаев,  Ж. М. Махмаев  «Нохчийн  мотт-6 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У.  «Юккъерачу школехь нохчийн меттан  орфографи а, пунктуаци а 1амор»   5-11  классашна.  Грозный  Издательство  «Арфа-Пресс»    2012 шо. 
3. Эдилов С.Э.  «Самукъане грамматика»  5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э.  «Нохчийн меттан синтаксисан практикум»   Соьлжа-Г1ала   Издательство  «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
7. Мациев А.Г. "Чеченско-русский словарь" Соьлжа-г1ала ФГУПК "ИПК "Грозненский рабочий" 2010.
8. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. "Русско-чеченский словарь" Москва. Издательство "Русский язык" 2000.