Урок №12 Билгалдешнийн легарш, дожарийн чаккхенаш нийсаязъяр

Х1окху урокан тема ю: билгалдешнийн легарш, дожарийн чаккхенаш нийсаязъяр.

Аьхкено кхелина дитташ,

Сийначу духарха дохуш,

Мох хьоькху юткъа шок етташ

1аьнна аш кечам бе бохуш.

(А.Айдамиров)                                     

Вайн урокан 1алашо ю билгалдешнийн легарш довзийтар а, церан дожарийн чаккхенийн башхалла йовзийтар а.

Билгалдешнийн ши легар ду. Хьалхарчу легарна чудог1у лаамаза мухаллин билгалдешнаш. Церан чаккхе лач дожаршкахь –чу-хуьлу.

Масала:

  1. ра легар.

Ц1. сирла де, Де муха ду? Сирла ду. Х1ара мухаллин билгалдош ду, ц1ерниг дожарехь.

Ткъа лач дожаршкахь, цуьнан чаккхе чу хуьлу.

Дл. сирлачу дийнан,

Л.   сирлачу денна,

Др. сирлачу дийно,

К.   сирлачу денца,

Х.   сирлачу дийнах,

М.  сирлачу дийне,

Дс. сирлачу дийнал

Хийцалуш дерг, билгалдашца долу де боху ц1ердош ду.

Шолг1ачу легарна чудог1у лааме билгалдешнаш. Церан  чаккхенаш доьалг1ачу легарна  чудог1учу  ц1ердешнийн санна  хуьлу.

Масала:

2-г1а легар                               

Билгалдош                               

диканиг                                   

дикачун                                  

дикачунна                             

дикачо                                    

дикачуьнца                           

дикачух                                  

дикачуьнга                            

дикачул                                  

Ц1ердош (4-г1а легаран)

дешархо

дешархочун

дешархочунна

дешархочо

дешархочуьнца

дешархочух

дешархочуьнга

дешархочул

Вайна  билгалдели легарийн чаккхенаш муха хуьлу,  х1инца вай хьовсур ду билгалдешнийн легарийн кеп муха хуьлу, масала:

1-ра легаран чу дог1у лаамаза билгалдош – хаза, цуьнца, дахар боху ц1ердош яздийр ду вай.

2-г1ачу легаран чу дог1у лааме билгалдош далор ду вай – хазаниг. Легор ду вай уьш. Чаккхенаш билгалйохуш.

1-ра легар                           2-г1а легар

Ц1. хаза дахар                    хазаниг

Дл. хазачу дахаран            хазачун                          

Л.   хазачу дахарна            хазачунна

Др. хазачу дахаро              хазачо

К.   хазачу дахарца            хазачуьнца

Х.   хазачу дахарх              хазачух          

М.  хазачу дахаре              хазачуьнга   

Дс. хазачу дахарал            хазачул

Т1едиллар №1.

Х1окху байта  юкъара билгалдешнаш муьлхачу легарна чудог1у хьовса.

Сан хьоме дешархо, хьо оьзда хилалахь,

Оьздачун сий дайна дац хьуна цкъа а.

Воккханиг ларалахь, сий делахь жимачун,

Дикачу г1уллакхна  хилалахь т1ера. 

(Л.Ахмадова)

Т1едиллар №2.

Кицанашна юкъара лаамаза а, лааме а билгалдешнаш а, церан легар а билгалдаха:

Дикачу  лулахочул дика х1ума а дац, вочу лулахочул вон х1ума а дац.

Доттаг1а - шираниг тоьлу, керт - керланиг тоьлу.

Къеначу барзо ши уьстаг1 баьхьна.

Х1окху урокехь вайна девзи билгалдешнийн   легарш а,  церан дожарийн чаккхенаш нийсаязъяр а.

Кху т1ехь вайн урок чекхйолу.1одика йойла шу, марша 1ойла!

Пайдаэцна литератур: 
1. В.А. Янгульбаев,  Ж. М. Махмаев  «Нохчийн  мотт-6 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У.  «Юккъерачу школехь нохчийн меттан  орфографи а, пунктуаци а 1амор»   5-11  классашна.  Грозный  Издательство  «Арфа-Пресс»    2012 шо. 
3. Эдилов С.Э.  «Самукъане грамматика»  5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э.  «Нохчийн меттан синтаксисан практикум»   Соьлжа-Г1ала   Издательство  «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
7. Мациев А.Г. "Чеченско-русский словарь" Соьлжа-г1ала ФГУПК "ИПК "Грозненский рабочий" 2010.
8. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. "Русско-чеченский словарь" Москва. Издательство "Русский язык" 2000.